Нохчийн меттан урокан технологически карта
«Ц1ердешнийн терахь»
5 класс
02.09.2013 шо
Предмет: нохчийн мотт Класс - 5
Тема урока: Ц1ердешнийн терахь
Тип урока: керла тема йовзийтар
Хуьлучун кхетам:
- адамаллин: 1амош йолу материал, юкъараллехь, практикехь иэшарех кхетар;
- метапредметни: дешнийн маь1на къасторан хаарш кхоллар, дошамех пайдаэца хаарш кхиор;ша дуьйцург логически маь1надолуш, говза схьаала хаарш довзийтар;
- предметни: практикехь ц1ердашах лаьцна теоретически хаарех пайдаэца 1амор (юьхьанцара школехь 1амийнарг карладаккхар) ц1ердашан дукхаллин терахь кхолладаларан некъаш довзийтар.
Цели урока: ц1ердашах лаьцна хууш дерг ч1аг1дар; орфографически, лексически, грамматически хаарш кхоллар; 1аламе безам кхиор.
Урокан мур | Муьран 1алашонаш | Хьехархочун г1уллакхдар | Дешархочун г1уллакхдар | Хиладезачун план х1оттор |
Адамаллин кхиаран аг1онаш | ||||
1. Организационни момент | Урок йолош,тидам т1ебахийтаран некъ билгалбаккхар | Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Дешархочун урокехь товш йолу 1амо аьтто хуьлу аг1онаш кхоллар.. | Урокан кечам бар. Хьехархочуьнга маршалла хаттар. | Урокан йолу бакъхьара терго, хаарш 1амийча бен хуьлуш цахилар, дахарехь дешар оьшуш хилар, Уьш къоман г1иллакхийн бух т1ехь хила дезар. |
2. Хаарийн актуализаци | Орфографически а, пунктуационни хаарех пайдазцаран таронаш йийцаре яр. Шен мехкан 1аламех лаьцна хаарш кхиор | Хьехархочо урокехь керла хаарш оьшуш долу, хьал кхуллу. Дешархошна т1едилларш до: - юьхьанцарчу школехь 1амийнарг толу; -гергара а, дуьхьалара маь1на долу дешнаш даладойту; - 1аламца боьзна чулацам болу байташ, цу юккъера ц1ердешнийн маь1на а, грамматически билгалонаш йийцаре йо; -1аьнан суьрта т1ехь предложенеш х1оттайойту;
- Нохчийчохь долу хинийн ц1ерш дагайайоуьйту
| Экскурcехь шайн гинарг дийцаре дар. Шайна хьалха х1оттийначу чулацаме хаттарна жоп дала деза хаарш кхиор.
Х1ора комадина 2-чу т1едилларна жоп луш, дешархоша билгаладоху гергара а, дуьхьлара маь1на долу ц1ердешнаш , Нохчийчохь долу даккхий, кегий хин ц1ерш, билгала долу, абстрактни маь1нехь долу ц1ердешнаш . | Х1ума довзаран жигаралла
|
3.1алашо х1оттор | Дешархоша кхочушдинчу т1едиларна жоп даларехь хааран 1алашо | Шуна муха хета вайн урокехь керла хиънарг х1ун ду; цхьацца диттийн , дийнатийн ц1ерш муха билгалдо дукхалла, морфологически билгалонаш муха ю цу ц1ердешнийн | Дешархошна кхеташ хила ещза 1аморан 1алашо: ц1ердешнийн билгалонаш йовзийтар. | Шен мехкан 1аламе безам кхиор |
4. Т1едилларш кхочуш деш, 1амийначу теорех пайда эцар | Шен мехкан 1аламца доьзна долчу дешнийн грамматически билгалонаш йовзийтар
Цхьацца долчу ц1ердешнийн дукхаллин терахьан башхаллаш къастор
Дукхаллин терахьехь долчу ц1ердешнашца дешнийн цхьанакхетарш кхоллар | Дахарехь , юкъараллехь сийлахь хеташ дерг билгалдаккхийтар. Маь1на долу дийцар дийцар.
Хаттар: муха билгалдоккху дукхаллин терахь?
Билгалдаккха х1окху ц1ердешнийн терахь: ка, моша, борз, чаг1алкх,
Х1ора дешан лексически маь1на а , грамматически билгалонаш хаа х1унда еза?-аьлла хаттар дар | 1аьнан 1аламан суьрта т1ехь болх бар.
Дошам т1ехь болх бар
Стихотворени ешийтра, цуьнан маь1на дар
Цу юккъера дукхаллин терахь долу ц1ердешнаш билгалдахар
| Командехь жигараллица болх бар,шайн жоьпийн мах хадор;
Керланиг довза лууш хилар билгалдаккхар;
Массара бечу белхан жоьпалла хилар
|
5.Сада1аран мур
| Г1уллакх кхечу кепехь дар
|
Шайн чулацаме хета кицанаш даладойту Кагделла кицанаш нисдойту
|
Х1ора командина схьакаро деза кагделла кицанан дакъа | Урокехь могушалла ларъян дезарх дийцар.
|
6. Теоретически хаарех т1едилларш кхочуш деш, пайдаэцар
|
Шайн махкахь долу х1ума довзийтар;
Дукхаллин маь1нехь долу ц1ердешнаш- реманаш, ковраш, жатташ
Шайн махкахь долчу хин, гш1алийн, яртийн ц1ерш йовзар оьшуш хилар, билгалдаккхар. |
Долахь а юкъара а ц1ердешнаш даладайтар.
Билгала йолу х1ума билгалйо ц1ердешнаш а, абстрактни маь1нехь дерш далор. |
Юкъара а ц1ердешнаш а, долахь долу ц1ердешнаш а даладар
Хаттаршна жоьпаш далар
|
Ша кхочуш деш долу т1едилларш жоьпалле хиларх кхетар
Шен ненан мотт ц1ена бийцар коьрта дешархочун декхар ду.
|
7. Рефлекси яр
8. Ц1ера болх | Х1ора дешархочун жоьпалле хилар кхиор ша кхочуш деш долчу г1уллакхана
1амийнарг карладоккхуш ч1аг1дар | Урокехь х1ора дешархочо а, массара цхьана дешархоша бинчу балхана мах хадор
Ц1ахь кхочуш бан безачу балхах кхетам балар
| Урокехь 1амийнарг, билгаладоккху, ледара долу хаарш гучадоху Х1ора дешархочо лаьцначу декъана мах хадабо
| Урокехь хиллачу кхиамийн х1ора дешархочун дакъа ду. Х1ора дешархочуьнга ша бинчу балхана мах хадабайтар. |