Меню
Разработки
Разработки  /  Прочее  /  Тесты  /  10 класс  /  Тест. Ненан меттан литература – 10 класс

Тест. Ненан меттан литература – 10 класс

Ненан меттан литература – 10 класс

04.05.2017

Содержимое разработки

Ненан меттан литература – 10 класс



  1. Х1окху мог1анийн автор билгалваккха.

…Буьйсанна набарха йолий,

Сирла б1аьрг дуьнен чу боьллий,

Сахуьлий,т1екхочу,г1оттий,

Эсалчу б1аьстенан 1уьйре.



1). Р.С.Ахматова

2). А.И. Ножаев

3). 1.Ш.Мамакаев

4). М.М.Ахмадов.



  1. 1-Хь.Хамидовн «Лийрбоцурш» ц1е йолчу пьеси т1ехь Х.Нурадиловн езнарг.

1). Катя

2). Малика

3). Лайлаъ

4). Камета.



  1. 1-Хь.Хамидовн «Лийр боцурш» литературни произведенийн муьлха жанр ю билгалдаккха.

1).роман

2).повесть

3).поэма

4). Драма



  1. Чекхъяккха байт.

Шен ненан мотт халкъо,

––––––––

––––––––

––––––––



  1. Билгалволчу цхьана стагера йоцуш, хьалкхо кхоьллина, барта йийцарна нахана юкъахь лелаш йолу произведенеш.

1). Лирика

2). Драматурги

3).барта кхолларалла



6. Дийцар т1ехьчулла алсам хиламаш а болуш, стеган дахарх г1еххьа боккха мур а гойтуш йолу эпически произведени ю.

1).поэма

2).пьеса

3).повесть

4).Дийцар.



  1. Романехь далийна дешнаш аьлла турпалхо мила ву?

…Суна дика хаьа, парг1атчу дахаре вухаверза а , и санна, сайх къинхетам байта а ас сайна меттиг ца битинийла. Амма сан дагна хьаам хир бара, шуна, халкъан векалшна, со а, со санна, сан да а, вежарий а, кхи болу накъостий а бешшехь наноша обаргаш цабинийла хаахьара…

  1. Бешто

  2. Бено

  3. Зеламха

  4. Александр.



  1. Адамна санна,садоцчу х1уманна т1едерзош дош аларан исбаьхьаллин кепах х1ун олу?

  1. Метафора

  2. Дустар

  3. Олицетворени

  4. Композици



  1. Муьлхачу маттахь язйина яздархочо Арсанов С-Б. шен произведенеш?

  1. Нохчийн

  2. Оьрсийн

  3. Ингалсан

  4. 1аьрбийн.



  1. Муьлхачу поэми т1ехь ду эпиграфна далийна х1ара мог1анаш?

Стиглахь марха ва йоцуш,

Мела дог1а дог1ур дац,

Кийрахь бала ва боцуш,

Ши б1аьрг боьлхур бац.



  1. «Ц1ий хуьйдина лаьмнаш» 3) «Дагалецамийн новкъа»

  2. «Сийлаха» 4) «Нохчийн лаьмнашкахь».





  1. «Брест-орешек огненный». Мила ву кху произведенийн автор?

  1. АрсановС-Б. 3) Ошаев Х.

  2. Базоркин И. 4) Мамакаев М.



12.Мичахь,маца вина Эдилов Хасмохьмад?

1) 1918 ш. Махкат1ехь 3) 1913 ш. Шелахь

2) 1922 ш. Валаргт1ехь 4) 1910 ш. Мартант1ехь.



13.«Т1улгаша а дуьйцу» стихотворени т1ера мог1анаш:

Лермонтавн сирла дош аш кхиий, техкош,

Кхузахь сан хьехархо, сан хьоме Коста,

Лелла, дарц айдина,парг1ато хестош…

Цо кхузахь гулйина къонахчун ойла



Кху т1ехь вуьйцу Коста мила ву?

  1. А.Казбеги 3) К.Хетагуров

  2. К.Симонов 4) К.Кулиев.



14.Мила ву автор? «Къонахийн некъ хуьлуш бацийца атта».

1) Бексултанов М.

2) Ахмадов М.

3) Абдуллаев Л.

4) Мамакаев 1.



15. «Даймехкан декхаро г1аттийна вог1у…»

Хьенан ду х1ара дешнаш?

  1. Айдамиров А.А.

  2. Арсанукаев Ш.А.

  3. Мамакаев М.М.

  4. Дикаев М.



16.Метафора – х1ун ю иза исбаьхьаллин литературехь?

1)шина я масех стага вовшашка ден къамел;

2)исбаьхьаллин сурт х1оттош цхьа х1ума шех тера долчу кхечу х1уманехула билгалдаккхар;

3)исбаьхьаллин сурт х1отторца х1ума т1ехдоккха гайтар.



17.Сочинени «Хьаша ца леринарг хьошалг1ахь а ца лерина».











































Нохчийн мотт – 10 кл.

Масех маь1на долчу дешнийн маь1на даста.

  1. Коч, мотт, йовлакх, к1ади, лерг, лам, ов, нехча, ц1е, ча, раг1у, бепиг, хьех, мара.



  1. Маь1на де х1окху дешнийн:

К1ошт –

г1айре –

левси –

  1. Диалектизмаш-синонимаш даладе.

Н1аьна –

дог1а –

зайл –

г1ап –

тарх –

ведар –

дилха –

  1. Даладе фразеологически цхаьнакхетарийн маь1на досту дешнаш:

Бурч йоьхкина –

Ж1аьлеш хи т1е кхийллал –

Корта бетта –

Ц1арна а ц1е яххана –

  1. Х1окху дешнашкахь хийца ца лун дакъа билгалде, к1ел сиз а хьокхуш.

Вошалла, гуьйренан, веданхо, зурманча, хьехархо, ламаро, уллорниг, есалла, вахархо, хехо, ярташка, эшаршка, махке, вотанча, г1иллакхца.



  1. Курсамна ц1а чуьра схьаетталуш г1ийла серло гора.

- Аравала кху чуьра, соьга чоь а ца шел йойтуш, - элира Курсума юха а.

Иза араваьлча, Курсама не1 къорра т1е а ч1аг1йина, зайл д1ахьовзийра. Ц1ийнан дог1а а даьккхина, ц1а чу велира Са1ид. Елхаран къурдашца метта а яьлла, охьайижира иза. Са1ид, х1ума йиъна а ваьлла, хьалаг1аьттира. Т1аккха жимма 1ийна т1етуьйхира цо: «Тховса хии суна оцу цхьаболчу наха юьйцу хабарш харцхилар».

(А. Айдамировн «Ненан дог»)

Т1едиллар:

  1. Дешнашкахь дешхьалхенаш билгалъяха.

  2. Дешт1аьхьенаш схьаязъе.

  3. Деепричастни карчамашна к1ел сиз хьакха.

  4. Хьалхарчу предложенехь нийса кхачам карабе.

  5. Синонимаш карае.

  6. Масдарш караде.



  1. Лакхахь ялийначу текста юкъара терахь дешнаш схьалаха, билгалде церан тайпа, дожар, терахь.

Дерриг ши шо бен ца даьллера Нохчийчоьнна, хаза неха санна, 1783-чу шарахь шозза т1елетта. Кхоччуш г1уллакх хилла куц дара шоззе а.Нохчаша х1етахь дуй биънера, кхин цкъаллига-цкъа оьрсашна герз ца айа. И дуй къар ца беш схьабаьхкира уьш, шайна юккъехь Ушарма бохуш, цхьа имам г1атталц.



  1. Мини-сочинени «Со еха (веха) юрт».

-80%
Курсы повышения квалификации

Профориентация: теория и практика

Продолжительность 72 часа
Документ: Удостоверение о повышении квалификации
4000 руб.
800 руб.
Подробнее
Скачать разработку
Сохранить у себя:
Тест. Ненан меттан литература – 10 класс (26.5 KB)

Комментарии 0

Чтобы добавить комментарий зарегистрируйтесь или на сайт