Меню
Разработки
Разработки  /  Прочее  /  Презентации  /  5 класс  /  Презентация "Ц1ердешнийн терахь"

Презентация "Ц1ердешнийн терахь"

Предмет: нохчийн мотт Класс - 5

Тема урока: Ц1ердешнийн терахь

Тип урока: керла тема йовзийтар

Хуьлучун кхетам:

- адамаллин: 1амош йолу материал, юкъараллехь, практикехь иэшарех кхетар;

- метапредметни: дешнийн маь1на къасторан хаарш кхоллар, дошамех пайдаэца хаарш кхиор;ша дуьйцург логически маь1надолуш, говза схьаала хаарш довзийтар;

- предметни: практикехь ц1ердашах лаьцна теоретически хаарех пайдаэца 1амор (юьхьанцара школехь 1амийнарг карладаккхар) ц1ердашан дукхаллин терахь кхолладаларан некъаш довзийтар.

Цели урока: ц1ердашах лаьцна хууш дерг ч1аг1дар; орфографически, лексически, грамматически хаарш кхоллар; 1аламе безам кхиор.

21.04.2017

Содержимое разработки

 Мастер-класс Нохчийн меттан а, литературан кафедран хьехархо Джамбалханова Тоита

Мастер-класс

Нохчийн меттан а, литературан кафедран хьехархо Джамбалханова Тоита

Тема: Ц I ердешнийн терахь.  I алашонаш: I аморан:1.Ц I ердешнийн морфологически билгалонаш йовзийтар 2.Ц I ердешнийн терахьашца хийцадаларан башхалла йовзийтар

Тема: Ц I ердешнийн терахь.

I алашонаш:

I аморан:1.Ц I ердешнийн морфологически билгалонаш йовзийтар

2.Ц I ердешнийн терахьашца хийцадаларан башхалла йовзийтар

Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;  2.Шайн маттахь долу керла дешнаш довза хьашт хила ч1аг1дар;  Кхетошкхиоран: 1.Мотт нийса бийцар коьрта хилар кхетор; 2. Шен мехкан 1аламе безам кхиор

Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

2.Шайн маттахь долу керла дешнаш довза хьашт хила ч1аг1дар;

Кхетошкхиоран:

1.Мотт нийса бийцар коьрта хилар кхетор;

2. Шен мехкан 1аламе безам кхиор

Урок д1аяхьар . Тахана урок шатайпа ю Ткъа шуна иза марзделларг ду Коьртаца ойла ян еза Чолхе хаттарш хаза деза Царна жоп дала деза Дуьйцург дагахь латто деза Урокехь хиънарг дицдан ца деза Дахарехь хаарш оьшур долуш хиларх, теша веза

Урок д1аяхьар .

Тахана урок шатайпа ю

Ткъа шуна иза марзделларг ду

Коьртаца ойла ян еза

Чолхе хаттарш хаза деза

Царна жоп дала деза

Дуьйцург дагахь латто деза

Урокехь хиънарг дицдан ца деза

Дахарехь хаарш оьшур долуш хиларх, теша веза

Тахана,вайн урок д1ахьур Морфологи ц1е йолчу меттан пачхьалкхехь. Къамелехь, йозанехь кхин долу къамелан дакъойл дукха хуьлу ц1ердош. Дош, дешнийн цхьанакхетарш, предложенеш х1итта ца ло уьш юкъахь доцуш. Х1уманаш ас билгалйо Мила? Х1ун? хаттарш ло Ойлаей хьо дийций вала Муьлха дакъа ду со ала.

Тахана,вайн урок д1ахьур Морфологи ц1е йолчу меттан пачхьалкхехь.

Къамелехь, йозанехь кхин долу къамелан дакъойл дукха хуьлу ц1ердош. Дош, дешнийн цхьанакхетарш, предложенеш х1итта ца ло уьш юкъахь доцуш.

Х1уманаш ас билгалйо

Мила? Х1ун? хаттарш ло

Ойлаей хьо дийций вала

Муьлха дакъа ду со ала.

Дешархой шина команди боькъу: 1-ра т1едиллар: 1-ра команда: 1аламца доьзна долу 10 ц1ердош даладе (малх, дохк, дог1а, ткъес, шовда хьоста,анайист, стела1ад,стигал, ло) 2-г1а команда: диттийн, ораматийн ц1ерш билгалйо 10 дош даладе ( дакх, бага, наж, зез, поп, база,дак,акхтарг, хьаьмц, маъ, талл) Шина команди хаттар: х1ара дешнаш ц1ердешнаш хилар ч1аг1де(х1ун?хаттарна жоп ло, х1ума билгалйо юкъара маь1на ду)

Дешархой шина команди боькъу:

1-ра т1едиллар:

1-ра команда: 1аламца доьзна долу 10 ц1ердош даладе (малх, дохк, дог1а, ткъес, шовда хьоста,анайист, стела1ад,стигал, ло)

2-г1а команда: диттийн, ораматийн ц1ерш билгалйо 10 дош даладе ( дакх, бага, наж, зез, поп, база,дак,акхтарг,

хьаьмц, маъ, талл)

Шина команди хаттар: х1ара дешнаш ц1ердешнаш хилар ч1аг1де(х1ун?хаттарна жоп ло, х1ума билгалйо юкъара маь1на ду)

2-г1а т1едиллар шина команде: 1.Даладе абстрактни маь1на долу юкъара ц1ердешнаш: доьналла,майралла, хьекъал, кхетам, ойла,сингаттам,синхаамаш,т1е1аткъам. ( дукха далийначу командин толам хир бу). Йийца церан башхалла. 2. Нохчийчохь долу хин ц1ерш ялае: Соьлжа, Гумс, Орга, Ачху, Хулхула,Терк,Г1ойт1а, Валарг , Марта, Гих, Бас. (х1ун билгало ю цу дешнийн)

2-г1а т1едиллар шина команде:

1.Даладе абстрактни маь1на долу юкъара ц1ердешнаш: доьналла,майралла, хьекъал,

кхетам, ойла,сингаттам,синхаамаш,т1е1аткъам. ( дукха далийначу командин толам хир бу). Йийца церан башхалла.

2. Нохчийчохь долу хин ц1ерш ялае: Соьлжа, Гумс, Орга, Ачху, Хулхула,Терк,Г1ойт1а, Валарг , Марта, Гих, Бас.

(х1ун билгало ю цу дешнийн)

Ц1ердешнийн маь1на гергара , дуьхьлара хуьлу: Даладе х1окху дешнашна гергара маь1на долу ц1ердешнаш: Г1уркх- (г1аж,хьокха) Машар-(барт-масла1ат) Низам- (раж, раг1) Хьекъал- (кхетам)

Ц1ердешнийн маь1на гергара , дуьхьлара хуьлу:

Даладе х1окху дешнашна гергара маь1на долу ц1ердешнаш:

Г1уркх- (г1аж,хьокха)

Машар-(барт-масла1ат)

Низам- (раж, раг1)

Хьекъал- (кхетам)

Дуьхьлара маь1на долу ц1ердешнаш : Яхь - (хьаг1) Бехк - (бехказло) Къано- (жимха) Толам- (иэшам) 3- г1а т1едиллар

Дуьхьлара маь1на долу ц1ердешнаш :

Яхь - (хьаг1)

Бехк - (бехказло)

Къано- (жимха)

Толам- (иэшам)

3- г1а т1едиллар

Шина командина цхьа т1едиллар ду: говр бохучу дашана синонимийн мог1а балабе: дин, бекъа,гила, алаша, айг1ар ( 5 синоним далийна команда тоьлла хир ю)

Шина командина цхьа т1едиллар ду: говр бохучу дашана синонимийн мог1а балабе:

дин, бекъа,гила, алаша, айг1ар ( 5 синоним далийна команда тоьлла хир ю)

1-ра командина т1едиллар: цхьаъ,  я цул сов х1ума билгалъеш долу ц1ердешнаш къастаде: К1айн полларчий санна, Лайн чимаш ду оьгуш, Шело совъяларна Сирла шаш ду х1уьттуш, Б1аьстенан де санна, Еха ю буьйсанаш. Шелделла к1еза санна, Буьрса дарц ду ц1ийзаш.

1-ра командина т1едиллар: цхьаъ, я цул сов х1ума билгалъеш долу ц1ердешнаш къастаде:

К1айн полларчий санна,

Лайн чимаш ду оьгуш,

Шело совъяларна

Сирла шаш ду х1уьттуш,

Б1аьстенан де санна,

Еха ю буьйсанаш.

Шелделла к1еза санна,

Буьрса дарц ду ц1ийзаш.

2-г1а команда Лам бешча хиш десташ, Ихна хин татолаш, Т1ехь бина шаш болуш, Шайн-шайна ду декаш. Йовхонан сирла з1аьнарш Наггахь бен ца гойтуш, Кхин йоцуш санна, кхоош, Малх а бу к1езга луш.

2-г1а команда

Лам бешча хиш десташ,

Ихна хин татолаш,

Т1ехь бина шаш болуш,

Шайн-шайна ду декаш.

Йовхонан сирла з1аьнарш

Наггахь бен ца гойтуш,

Кхин йоцуш санна, кхоош,

Малх а бу к1езга луш.

 Шина команде хаттарш :  1.Муха гойту поэта 1аьнан 1алам?  2.Дукхаллин терахьехь ц1ердешнаш  дукха хилар стенца доьзна ду?

Шина команде хаттарш :

1.Муха гойту поэта 1аьнан 1алам?

2.Дукхаллин терахьехь ц1ердешнаш

дукха хилар стенца доьзна ду?

4-г1а т1едиллар: Декъа х1ара ц1ердешнаш кхаа тобане шинна терахьехь леларш цхьаллин терахьехь бен цалеларш дукхаллин терахьехь бен цалеларш 1-ра команда: цхьаъ, я цул сов х1ума билгалъеш долу ц1ердешнаш къастаде: Сацкъарш, б1ов, ярташ, х1о, таьлсаш, йовхарш, йоькаш, мехкарий, гилгаш, къилбе.

4-г1а т1едиллар:

Декъа х1ара ц1ердешнаш кхаа тобане

  • шинна терахьехь леларш
  • цхьаллин терахьехь бен цалеларш
  • дукхаллин терахьехь бен цалеларш

1-ра команда: цхьаъ, я цул сов х1ума билгалъеш долу ц1ердешнаш къастаде:

Сацкъарш, б1ов, ярташ, х1о, таьлсаш, йовхарш, йоькаш, мехкарий, гилгаш, къилбе.

2-г1а команда: Моз, х1аваъ, т1уно, маь1да, букъарш, архаш, дуьйраш, малхбузе, хьекъал, сий ;

2-г1а команда:

Моз, х1аваъ, т1уно, маь1да, букъарш, архаш, дуьйраш, малхбузе, хьекъал, сий ;

5-г1а т1едиллар Шина командина т1едилларш : талла муха кхоллало дукхаллин терахь х1окху дешнашкахь: 1-ра команда :Духарш, амалш,г1ожмаш, ламанхой, черчий, полларчий; 2-г1а команда : оьрсий, говзанчаш, овкъарш, кетарш, хиш, седарчий

5-г1а т1едиллар

Шина командина т1едилларш : талла муха кхоллало дукхаллин терахь х1окху дешнашкахь:

1-ра команда :Духарш, амалш,г1ожмаш, ламанхой, черчий, полларчий;

2-г1а команда : оьрсий, говзанчаш, овкъарш, кетарш, хиш, седарчий

Терахьан грамматически категори гучуйолу суффиксийн г1оьнца: 1)цхьалхе суффиксаш – аш, -иш, -ий; Уьш юьхьанцара суффиксаш ю. 2)чолхе суффиксаш - -араш, -ирий, ирчий; Уьш схьаевлла суффиксаш ю.

Терахьан грамматически категори гучуйолу суффиксийн г1оьнца:

1)цхьалхе суффиксаш – аш, -иш, -ий;

Уьш юьхьанцара суффиксаш ю.

2)чолхе суффиксаш - -араш, -ирий, ирчий;

Уьш схьаевлла суффиксаш ю.

Шишша предложени х1ора командина. Къовларш юкъара ц1ердешнаш дукхаллин терахье даха. Эвлан йистера аренца дежачу жа юкъахь дукха ( ка) дара. Цхьана х1уманах къаьхкина некъана сехьалилхира ( бекъа ). Халидан доккха мостаг1алла дара ( борз, чаг1алкх). (Моша) кхача тайп- тайпанчу ирзошкахь хуьлу.

Шишша предложени х1ора командина. Къовларш юкъара ц1ердешнаш дукхаллин терахье даха.

Эвлан йистера аренца дежачу жа юкъахь дукха ( ка) дара.

Цхьана х1уманах къаьхкина некъана сехьалилхира ( бекъа ).

Халидан доккха мостаг1алла дара ( борз, чаг1алкх).

(Моша) кхача тайп- тайпанчу ирзошкахь хуьлу.

Макхъелла аренаш – еса Хьаннаш а д1атийна лаьтта. Г 1 арг 1 улийн  жатташ  ю  екаш ,  Назмаш 1 енаеш  лаьтта

Макхъелла аренаш – еса

Хьаннаш а д1атийна лаьтта.

Г 1 арг 1 улийн жатташ ю екаш ,

Назмаш 1 енаеш лаьтта

 Говрашна го, вайна санна, г I енаш:  Сирла I уьйре, шайн бергаш т I ехь тхи,  Шайн баккъаш т I е шийла дог I а I енаш,  Реманашца дедда доьду хи .

Говрашна го, вайна санна, г I енаш: Сирла I уьйре, шайн бергаш т I ехь тхи, Шайн баккъаш т I е шийла дог I а I енаш, Реманашца дедда доьду хи .

Путешественник  отважный,  Он идёт пустыней важно.  Не боится он жары,  Два горба - как две горы

Путешественник отважный, Он идёт пустыней важно. Не боится он жары, Два горба - как две горы

 Дукхалла шайн маь1ница  гойтучу ц1ердешнийн  терахьашца хийцадалар Жут – жатташ Рема - реманаш Ковра – ковраш

Дукхалла шайн маь1ница

гойтучу ц1ердешнийн

терахьашца хийцадалар

Жут – жатташ

Рема - реманаш

Ковра – ковраш

 Вовшахтоха кагделла кицанаш :  Нахаца тарвала хаар - доккха совгІат ду.  1- ра команда  Болх бечу кхачахь, болх бе, юучу кхачахь - яа.   Новкъа воьдучу стагана накъост оьшу  2-г1а команда   Болх безачарна дахар деза   Рефлекси яр:

Вовшахтоха кагделла кицанаш :

Нахаца тарвала хаар - доккха совгІат ду.

1- ра команда

Болх бечу кхачахь, болх бе, юучу кхачахь - яа.

Новкъа воьдучу стагана накъост оьшу

2-г1а команда

Болх безачарна дахар деза

Рефлекси яр:

-75%
Курсы повышения квалификации

Профориентация: теория и практика

Продолжительность 72 часа
Документ: Удостоверение о повышении квалификации
4000 руб.
1000 руб.
Подробнее
Скачать разработку
Сохранить у себя:
Презентация "Ц1ердешнийн терахь" (1.33 MB)

Комментарии 0

Чтобы добавить комментарий зарегистрируйтесь или на сайт