Меню
Разработки
Разработки  /  Прочее  /  Уроки  /  2 класс  /  Нохчийн мотт 1аморан жам1аш

Нохчийн мотт 1аморан жам1аш

Нохчийн меттан 1аморан жам1аш

Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн меттан программа караерзоран декъехь хила деза хаарш:

-нохчийн мотт пачхьалкхан мотт а, иза уьйран а, гонахара дахар довзаран а г1ирс хиларх кхеташ хилар;

-школан а, юкъараллин а дахарехь нохчийн меттан хаарех пайда эца хьуьнар хилар;

- нохчийн мотт къоман культурин а, синъоьздангаллин а мехаллийн цхьа т1ег1а лара дезарх кхеташ хилар;

-тайп-тайпанчу хьелашкахь шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а юкъаметтигаш лело хаар карадерзор, мехалчу х1умнашка а, синъоьздангаллин мехаллашка а экаме хила везарх кхеташ хилар.

02.04.2018

Содержимое разработки

Нохчийн меттан 1аморан жам1аш

Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн меттан программа караерзоран декъехь хила деза хаарш:

-нохчийн мотт пачхьалкхан мотт а, иза уьйран а, гонахара дахар довзаран а г1ирс хиларх кхеташ хилар;

-школан а, юкъараллин а дахарехь нохчийн меттан хаарех пайда эца хьуьнар хилар;

- нохчийн мотт къоман культурин а, синъоьздангаллин а мехаллийн цхьа т1ег1а лара дезарх кхеташ хилар;

-тайп-тайпанчу хьелашкахь шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а юкъаметтигаш лело хаар карадерзор, мехалчу х1умнашка а, синъоьздангаллин мехаллашка а экаме хила везарх кхеташ хилар.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан метапредметни жам1аш:


-хезаш долу къамел цхьатера т1елацар ( баккхийчара а, шен нийсархоша а олург, берийн радиопередачашкахь, аудиозаписашкахь, кхечу хаамийн технологийн кепашкахь хезарг);

-дешнаш, дешдакъош, аьзнаш, аьзнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш ала а, х1итто а карадирзина хилар;

-билгалйинчу темина диалог х1отто, даьржина а, доцца хаттаршна жоьпаш дала а, диалог д1айоло а, чекхъяккха дог дар карадирзина хилар;

- кечам бина а, боцуш а, кхеташ, сиха къастош ешар, текст йоцца а, хоржуш а юха схьайийцар карадирзина хилар;

-хьехархочун г1оьнца а, ша а, орфографически а, пунктуационни а бакъонаш ларъеш талламан а, 1аморан а кепара белхаш кхочушбан хаар карадирзина хилар;

-ша язбина белхаш талла а, нохчийн маттах шен долчу хааршна вукху предметашца дустарца анализ ян а хаар карадирзина хилар;

- нохчийн меттан чулацаме хьаьжжина юьхьанцарчу дешаран материальни а, хаамийн а гонахехь болх бан хаар карадирзина хилар;

-школехь а, школал арахьа а нийсархошка а, баккхийчаьрга а вистхила хаар карадирзина хилар.

Юьхьанцарчу школехь нохчийн мотт 1аморан предметни жам1аш:


-ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;

- нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;

-шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;

- дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;

-нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;

-карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр);

-хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;

-текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;

-мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.





Меттан

декъехула йолу

теманаш

Х1ора декъана

лерина сахьташ


Коьрта кхетамашший,хааршший



1


1амийнарг карладаккхар

5

Хаьар ду предложени кхочуш хилла яьлла ойла гойту дешнаш дуй. Хуур ду суьртийн г1оьнца, шайна гинчух пайда а оьцуш предложениш х1итто. 1емар ду предложени дешнашка екъа. 1емар ду йоьхна предложенеш нисъян. Йозанехь предложенин чаккхе т1адамца билгалъяккха . Хуур ду шайна гуш долчу суьртах лаьцна дийцар

2

Аьзнаш а, элпаш а



7

Хуур ду аьзнаш , элпаш вовшах къасто, цхьана элпо я озо дешан динна маь1на хийцар, аьзнаш йозанехь элпашца билгалдохуш хилар ,мукъа аьзнаш, мукъазчерах къасто

3

Къамел. Текст. Предложени

6

Хуур ду текст ,предложенеш къасто. Къамелах лаьцна хаамаш хир бу. Евзар ю предложенин башхаллаш. Хуур ду уьш шайн башхаллашка хьаьжжина билгалъяха. Евзар ю дашна, дешдекъана юкъахь йолу башхаллаш. 1емар ду дешнаш цхьана мог1анера вукху мог1ане даха хуур ду. Девзар ду дешдакъошка ца декъало дешнаш.Евзар ю дешнаш сехьадахаран бакъонаш.


4

Нохчийн абат, я алфавит.

33

Хуур ду алфавит- иза нохчийн метан массо элп хилар, алфавитехь 49 элпхилар;1емар ду дешнаш алфавитан рог1аллехь д1анисдан. Хуур ду й элп юкъадог1у дешнаш нийса язда, уьш цхьана мог1анера вукху мог1ане нийса сехьадаха. Бераша дешнех предложенеш х1иттор ю. Хуур ду дехий ,доций мукъа аьзнаш долу дешнаш предложенин маь1ане хьажжина нийсаяздан. Элпаш И,Уь ,Юь юкъадог1у дешнаш нийсаяздан. Берашна хуур ду элпаш э, е юкъадог1у дешнаш нийсаяздан. 1емар ду уьш дешнашкахь билгалдаха. Хуур ду йозанехь Я,Яь Ю,Юь элпех пайдаэца Хуур ду нохчийн маттахь мукъазачу элпашна т1ехьа Я,ЯЬ Ю,ЮЬ элпаш ца яздар .Девзар ду охчийн меттан шатайпана мукъаза аьзнаш, йозанехь царех пайдаэца хуур ду. Хуур ду Хь,Кх,Къ элпаш дешнашкахь билгалдаха. Девзар ду нохчийн маттан шатайпана мукъаза аьзнаш, йозанехь царех пайдаэца хуур ду. Берашна хуур ду элпаш Т1,Х1,К1,Г1 дешнашкахь шалха элпаш сиз хьакхарца билдгалдаха .Девзар ду нохчийн маттан шатайпана мукъаза аьзнаш, йозанехь царех пайдаэца хуур ду. Берашна хуур ду элпаш Ч1,П1,Ц1 1 дешнашкахь шалха элпаш сиз хьакхарца билдгалдаха

Девзар ду нохчийн маттан шатайпана мукъаза аьзнаш, йозанехь царех пайдаэца хуур ду. Берашна хуур ду элпаш Г1, Ч1, К1, Къ дешнашкахь шалха элпаш сиз хьакхарца билдгалдаха ,девзар ду нохчийн маттан шатайпана мукъаза аьзнаш, йозанехь царех пайдаэца хуур ду. Берашна хуур ду элпаш Г1, Ч1, К1, Къ дешнашкахь нийса яздан . ЕВ,- ОВ-, -АЬВ- юкъадог1у дешнаш нийсаяздан. Девзар ду зевне а , къора а мукъаза аьзнаш .1емар ду элпаш Ь,Ё,Щ,Ф юкъадог1у дешнаш довза, уьш билгалдаха. Хуур ду т1еэцначу дешнийн башхаллаш йовза. Хуур ду ъ шиъ г1уллакх лелор : мукъаза аз . къасторан хьаьрк.

5

Х1уманаш билгалъен дешнаш

16

Хуур ду х1ун? бохучу хаттарна жоьпаш дала, х1умнан башхаллаш къасто. 1емар ду адамаш билгалдечу дешнашна хаттарш х1итто, уьш йозанехь билгалдаха 1емар ду , кхийолу х1уманаш билгалъечу дешнашна хаттарш х1итто, уьш йозанехь билгалдаха. 1емар ду адамийн ц1ераш, фамилеш даккхийчу элпашца яздан.Бераш кхетар бу «долара ц1е», «юкъара ц1е» ши кхетам вовшех къасто. 1емар ду дийнаташна техкина ц1ераш даккхийчу элпашца яздан. 1емар ду г1алийн, яртийн,урамийн,хин ц1ераш даккхийчуэлпашца яздан.

6

Дешт1аьхьенаш

3

Хуур ду дешт1аьхьенаш уьш дешнаш хилар . Шайна хьалхарчу дешнашца уьш къаьстина яздар хуур ду.Дешт1аьхьенаш предложенешкахь каро , уьш билгалъяха хуур ду дешархошна.

7

Х1уманийн дар билгалден дешнаш

7

Девзар ду х1уманийн дар билгалден дешнаш. Хуур ду дар билгалдечу дешнашна хаттарш х1итто, уьш йозанехь билгалдаха.

8

Гергара дешнаш

2

Девзар ду х1уманийн билгалонаш гойту дешнаш. Дешархошна хуур ду х1уманийн билгало гойтучу дешнашна хаттарш х1итто, уьш йозанехь билгалдаха.

9

Х1уманийн билгало гойту дешнаш

9

Дешархошна евзар ю гергарчу дешнийн башхаллаш: юкъара дакъа, цхьа маь1на. 1емар ду йозанезь царех пайдаэца.Хуур ду орам билгалбаккха.

10

Предложени

7

Кхетар бу предложенин маь1нех.1емар ду йоьхна предложенеш нисъян. Йозанехь предложенин чаккхе оьшу хьаьрк билгалъяккха 1амор.

11

1амийнарг

карладаккхар

8




Хуур ду шаьш 1амийначух пайда а оьцуш болх бан



-80%
Курсы повышения квалификации

Организация и сопровождение олимпиадной деятельности учащихся

Продолжительность 72 часа
Документ: Удостоверение о повышении квалификации
4000 руб.
800 руб.
Подробнее
Скачать разработку
Сохранить у себя:
Нохчийн мотт 1аморан жам1аш (29.96 KB)

Комментарии 0

Чтобы добавить комментарий зарегистрируйтесь или на сайт