Меню
Разработки
Разработки  /  Всем учителям  /  Мероприятия  /  8 класс  /  Внеклассное мероприятие «Бекалахь, нохчийн мотт, тахна…»

Внеклассное мероприятие «Бекалахь, нохчийн мотт, тахна…»

«Бекалахь, нохчийн мотт, тахна…» вайн мотт уггаре а исбаьхьчу а, хьалдолчу а, хазачу а меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте безам кхоллар.

04.05.2017

Содержимое разработки

«Бекалахь, нохчийн мотт, тахна…»

1алашо: вайн мотт уггаре а исбаьхьчу а, хьалдолчу а, хазачу а меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте безам кхоллар. Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:

1. Хехархочун дош:

- Де дика дойла шун массеран а! 25-г1а апрель, вайна ма-хаъара, Нохчийн меттан деза Де лерина ду. Цуьнца доьзна дуккха а цхьаьнакхетарш а, гайтаран урокаш а, къийсадаларш а хилла вайн. Таханлера вайн цхьаьнакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а хилар а. Иштта довзуьйтур ду вешан мотт вайна безар а ,даима а цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а. Х1инца вай дош лур ду вайн дешархошна. Церан г1оьнца шун таро хир ю нохчийн маттана лерина кечйинчу программе хьовса.

1-ра д1-рг: Де дика хуьлда шун!

2-г1а д1-рг: Марша а дог1ийла!

1-ра д1-рг: Массо а стаг, муьлхха а къомах велахь а, шен ненан маттаца кхуьу. Мотт а, къам а цхьаьнадоьзна ду, х1унда аьлча, къам ца хилча, мотт хир бац, ткъа шен бийца мотт боцург къам дац.

2-ра д1-рг: Ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза. Мотт – иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар. Дукха ю нохчийн литературехь ненан маттах лаьцна язйина байташ. Царех цхьаъ ю шен ненан матте а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьйтуш, А. Айдамировс язйина «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени.

А. Айдамировн «Ненан мотт»

1-ра д1-рг: Дуьненахь меттанаш дукха ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Кхечу къоман мотт хаар ч1ог1а пайдехь ду, иза доккха хьекъал а ду. Амма шен мотт д1а а тесна 1амабе аьлла дац иза. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо шен ненан сий лардийр дац. Цунах лаьцна ч1ог1а дика аьлла Саидов Билала шен «Ненан мотт» стихотворенехь.

Саидов Б. «Ненан мотт»

2-г1 д1-рг: Ткъа х1инца, хьоме дешархой, ладуг1ур вай даймехкан исбаьхьчу мукъамашка.

Эшар: «Даймохк», «Даймехкан аз».

1-ра д1-рг: Мотт – иза муьлххачу а халкъан истори а ю, цуьнан хиндерг а ду. Ненан маттал сийлахь а х1ума дан а дац я хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца йиш йолуш бу вайн мотт: Хьешашка – оьзда, Доттаг1чуьнга – мерза, Мостаг1чуьнга – буьрса, Захалонна – хаза, Масла1атана – к1еда, Берашка – эсала.

Амма кхетамна к1езиг болчу нехан ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етотту шайн ледарло. Ладог1а цу тайпанчу нахана йогуш йолчу Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» ц1е йолчу стихотворенига.

Арсанукаев Ш. «Ненан мотт»

2-г1а д1-рг: Ткъа х1инца , хьоме дешархой, шун таро хир ю вайн къоман хаза г1иллакхаш а дицдина, вай меттан сий дайа г1ерташ, цуьнга цхьана а кепара лерам боцучарна дог1уш С.-Хь. Нунуевс язйинчу «Аптека чохь» дийцар т1ехь х1оттийначу сценке хьовса.

Сценка «Аптека чохь»

Эшар «Дависа хьан оьздангалла»

1-ра д1-рг: Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а. IХ-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас П. К. Услара иштта аьлла вайн матах лаьцна: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адамийн ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш хьалдолуш бу».

2-г1а д1-рг: Ткъа вайна массарна а вевзаш а, везаш а волчу оьрсийн яздархочо Л.Н. Толстойс х1ара дешнаш аьлла вайн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Цуруев Ш. «Нохчийн мотт» Рашидав Ш. «Дахарехь»

1-ра д1-рг: Оццул ч1ог1а хесточу вайн меттан хазалла йовза а, цуьнан сий-лерам бан а вай 1амош, дахаран чолхечу новкъахь дайн оьхдачу г1иллакхех ца духуш нийса некъ д1абахьар хьоьхуш болчу массо а нохчийн меттан хьехархошна даггара баркалла ала лаьа тхуна.

Стихотворени «Хьехархо»

2-г1а д1-рг: Х1инца юха а Даймехкан мукъамашка ладуг1ур вай.

Эшарш «Лойша суна», «Дуьне мел ду»

1-ра д1-рг: Хьоме дешархой! Лераме хьехархой! Х1ара вайн цхьнакхетар Ш. Рашидовн «Ирс ду-кх» ц1е йолчу стихотвореница дерзо лаьара тхуна.

Ш. Рашидавн «Ирс ду-кх»

2-г1а д1-рг: Кху т1ехь ненан маттана лерина цхьаьнакхетар чекхдолу . Ладог1арна баркалла.







-80%
Курсы профессиональной переподготовке

Учитель, преподаватель обществознания

Продолжительность 300 или 600 часов
Документ: Диплом о профессиональной переподготовке
13800 руб.
от 2760 руб.
Подробнее
Скачать разработку
Сохранить у себя:
Внеклассное мероприятие «Бекалахь, нохчийн мотт, тахна…» (19.89 KB)

Комментарии 0

Чтобы добавить комментарий зарегистрируйтесь или на сайт