Кхеторан кехат
Документан бух
9-г1а классан литературина лерина долу х1ара документ кхоьллина юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программин буха т1ехь. Программо прдметан чулацам схьа а боьллу, бовза а бовзуьйту, билгалбоккху. Белхан программо, литература 1аморан 1алашонца цхьаьна а дог1уш, дешархой кхиоран, кхеторан, 1аморан а юкъара некъаш довзуьйту.
Документан д1ах1оттам
Литературин белхан программа дийна цхьа документ ду, цу юкъадог1у:
– кхеторан кехат;
– дешаран-тематикин план;
– дешархойн хаарийн т1ег1а;
– дешаран методикин болх кхочушбан оьшу г1ирсаш билгалбахар.
Дешаран предметан юкъара характеристика
Лаккхара ийман а долуш, эстетикин мах хадо а хууш, г1иллакх-оьздангаллех массо а аг1ор адам кхиорехь доккха маь1на ду исбаьхьаллин литература. Дешаран хьукматехь литература хьехар кхочушдо искусствон дахарца з1е тасарца, кеп а, чулацам а вовшех буозарца, историна, ламасташца, керла юкъадалорашна т1е а тийжаш,историн-культурин хаамех пайдаоьцуш, литературин теорин а, историн а коьрта кхетамаш 1амош, исбаьхьаллин произведенеш талла а,церан мах хадо а хаарш луш, литературин меттан исбаьхьаллин г1ирсаш караберзош а.
Дешаран хьукматехь литература хьехаран 1алашо-дешан искусство, классически а, кхечу халкъийн а литературийн хьал довзийтар; литературан социокультурин цхьана декъах санна кхетамбалар.Литература 1аморан бух-исбаьхьаллин говзарш ешар а, 1амор; историн-культурин а хиламийн а, дешан говзанчийн биографеш а йовзийтар.
Литературин говзарийн эстетикин мах хадо, царех кхета дешархой 1амор.
Дукха хенахь дуьйна исбаьхьаллин аг1ор дерриге халкъо классически аг1ор къобалйина, мехкан а, дуьненан а литературин хазна хилла д1ах1иттина исбаьхьаллин говзарш 1аморехь бен кхочушъялур яц литературин 1алашонаш. Цу т1е а доьг1на, школехь литература 1аморан 1алашо ю лаккхара исбаьхьаллин кхачамболу, дахаран бакъдерг гойту, юкъара синмехаллаш йовзуьйтуш, адамашкахь лекхара синъоьздангаллин синхаамаш кхуллуш йолу дуьненахь тоьлла йолу дешан культурин исбаьхьаллин говзарш дешархошна йовзийтар.
9-чу классехь нохчийн литература к1иранах 2 сохьтехь хьеха лерина ю программа.
Белхан программин чулацам
68 сахьт
Нохчийн халкъан барта кхолларалла
Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а(1 сахьт).
Литературин теори. Нохчийн къоман фольклорах кхетам балар.
Сийлахь-баккхийчу оьрсийн яздархоша А.С.Пушкина, М.Ю.Лермонтовс, Л.Н.Толстойс, А.А.Фета шайн кхоллараллехь нохчийн барта говзарех пайдаэцар
(1 сахьт).
Литературин теори. Т
Нохчийн халкъан туьйранаш(1 сахьт).
Литературин теори.Туьйранах болу кхетам к1аргбар.
Нохчийн халкъан шира дийцарш, хабарш, аларш.
«К1ирдан б1аьвнаш», «Хьекъал долу зуда», «Ненан б1аьрхиш», «Галанч1ожара 1ам», «Наьрт-аьрстхой», «Молла-Несартан хабарш», «Астаг1 Тимар», «Г1онат-Г1ала», «Мажк1а басе», «Соскан Солсех долу дийцар» дийцарш(3 сахьт).
Литературин теори.Барта дийцарех болу кхетам к1аргбар.
Нохчийн халкъан эшарш (1 сахьт).
Литературин теори. Барта лирически эшарех, иллех болу кхетам к1аргбар.
Нохчийн халкъан кицанаш (1 сахьт).
Литературин теори.Халкъан кицанах болу кхетам к1аргбар.
Нохчийн халкъан х1етал-металш (1 сахьт).
Литературин теори. Халкъан х1етал-металх болу кхетам к1аргбар.
Лирически а, турпалаллин а иллеш.
«Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли».Адин Сурхо–халкъан турпалхо. Сурхон нана. Иллин цхьайолу исбаьхьаллин башхаллаш а, т1аьхьара дош а.
«Аьккхийн Жанхотан илли».Иллин чулацам а, д1ах1оттам а. Иллин турпалхой: Мадин Жаьммарза, Жерочун к1ант, Баччин Элмарза, оьрсийн к1ант а, цуьнан нана а, Аьккхийн Жанхот. Илли т1ехь къаьмнийн доттаг1аллин тема. Иллин маь1на
(6 сахьт).
Литературин теори.Халкъан барта турпалаллин иллех болу кхетам к1аргбар.
Халкъан илланчаш(Нашхара Чийтмаран Зовр, Сулейманов Баудди, Гакашев Мохьмад, Орзимов Денисолт …)(1 сахьт).
Литературин теори.Нохчийн илланчийн кхоллараллин мехаллех кхетам балар.
Назманаш(1 сахьт).
Литературин теори.Нохчийн назманех болу берийн кхетам к1аргбар.
Нохчийн литература
Йоза кхолладалар а, исбаьхьаллин литература а. Нохчийн йозанан историх лаьцна. Йоза кхолладалар а, исбаьхьаллин литература а. Исбаьхьаллин литература (2 сахьт).
Литературин теори.Халкъан дахарехь исбаьхьаллин литературин маь1нех болу кхетам к1аргбар.
Къоман исбаьхьаллин литература йолийнарш
Дудаев 1.Д. (2 сахьт).
Дудаев 1абдин дахар а, кхолларалла а.
«Стоьмийн беш», «Колхозхочуьнан, цхьалхахочуьнан къамел»стихотворенеш
Литературин теори.Стихах болу кхетам к1аргбар.
Сальмурзаев М.С. (3 сахьт).
Сальмурзаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а.
«Кхетаме Хьамид»дийцар. Дийцаран мехалла. Дийцаран коьрта чулацам а, маь1на а.
Литературин теори.Дийцаран жанрах болу кхетамк1аргбар.
Нажаев А. И. (3 сахьт).
Нажаев Ахьмадан дахар а, кхолларалла а. «Жа1у»поэма. Поэмин коьрта чулацам а, маь1на а. Авторан 1алашо а, поэмин д1ах1оттам а.
Литературин теори.Поэмех кхетам балар.
Айсханов Ш. К. (3 сахьт).
Айсханов Шамсуддин дахар а, кхолларалла а.
«Орга», «1а»стихотворенеш. «К1айн котам»дийцар. Дийцаран меттан башхаллаш.
Литературин теори.Дийцарх болу кхетам к1аргбар.
Бадуев С.-С. С. (8 сахьт).
Бадуев Саь1ид-Салихьан дахар а, кхолларалла а.
Бадуев а, къоман театр а.Бадуев Саь1ид-Салихьан поэтически кхолларалла.«Паччахьан заманна», «Лам», «Марг1алан синтаре»стихотворенеш.
Бадуев Саь1ид-Салихьан оьрсийн яздархошца хилла доттаг1аллин а, кхоллараллин а уьйраш.
Бешто» повесть. Повестан тема а, д1ах1оттам а. Васташ кхолларан башхаллаш.«Бешто»повесть. Бештой, Бусаний.
«Ц1еран арц»повесть. Авторан 1алашо а, повестан д1ах1оттам а. Кулдевич а, цунна т1аьхьабозурш а. Хонмурд а, цуьнан доьзал а. Повестан маь1на.
Литературин теори.Повестах болу кхетам к1аргбар.
Мамакаев 1. Ш. (5 сахьт).
Мамакаев 1аьрбин дахар а, кхолларалла а.
Мамакаев 1аьрбин лирика.
«Кавказан латта», «Сайн к1анте», «Йо1е», «Даге»стихотворенеш.
«Нохчийн лаьмнашкахь»поэма. Поэмин д1ах1оттам. Поэми т1ехь безам а, доттаг1алла а. Поэмин эпический, лирический чулацам. Авторан васт.
Литературин теори. Лирикех кхетам балар. Поэтически маттах кхетам балар.
Хамидов 1.-Хь. Х. (5 сахьт).
Хамидов 1абдул-Хьамидан дахар а, кхолларалла а.
Дийцарш. «Д1а-коч, схьа-коч», «Абубешар», «Г1ирма-солтас яьккхина са», «Дурдий, Даргий» дийцарш.
Пьесаш.«Т1ам сийна кхокха», «Ламанан йо1», «Мохсолтин доьхна де», «Бож-1ела» пьесаш.
«Лийрбоцурш» – турпалаллин драма. Пьесин тема, жанр, д1ах1оттам. Хьалхара дакъа. Ханпаший, Мутий. Ханпаша а, цуьнан накъостий-б1аьхой а. «Лийрбоцурш» – турпалаллин драма. Шолг1ий, кхоалг1ий дакъош.Тыл а, фронт а. Дерриге а фронтана.Немцойн блиндажехь. Турпалхой леш бац.
Литературин теори.Драматически къовсамах кхетам балар.
Х1инцалера нохчийн литература
Къоман литература 20-чу б1ешеран 20-40-чуй шерашкахь кхиаран жам1аш.Проза. Драматурги. Поэзи(3 сахьт).
Нохчийн литература Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь.Проза. Драматурги. Поэзи(3 сахьт).
Нохчийн литература 20-чу б1ешеран 50-70-чуй шерашкахь.
Проза. Драматурги. Поэзи (3 сахьт).
Хьалха д1яханчу хенахь оьрсийн, вайнехан вовшашца хилла машаре уьйраш литературехь гайтар(1 сахьт).
Нохчийн литература 20-чу б1ешеран 80-90-чуй шерашкахь.
Проза. Драматурги. Поэзи(3 сахьт).
Литературин теори.Дуккха а жанрашкахь йолчу къоман исбаьхьаллин литературах кхетам балар.
Дешаран-темин хьесап
Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, цуьнан тайпанаш а – 1 сахьт.
Сийлахь-баккхийчу оьрсийн яздархоша А.С.Пушкина, М.Ю.Лермонтовс, Л.Н.Толстойс, А.А.Фета шайн кхоллараллехь нохчийн барта говзарех пайдаэцар.
– 1 сахьт.
Нохчийн халкъан туьйранаш. – 1 сахьт.
Нохчийн халкъан шира дийцарш, хабарш, аларш.. – 3 сахьт.
Нохчийн халкъан эшарш. – 1 сахьт.
Нохчийн халкъан кицанаш. – 1 сахьт.
Нохчийн халкъан х1етал-металш. – 1 сахьт.
Лирически а, турпалаллин а иллеш. – 6 сахьт.
Халкъан илланчаш. – 1 сахьт.
Назманаш. – 1 сахьт.
Йоза кхолладалар а, исбаьхьаллин литература а. – 2 сахьт.
Дудаев 1.Д. – 2 сахьт.
Сальмурзаев М.С. – 3 сахьт.
Нажаев А. И. – 3 сахьт.
Айсханов Ш. К. – 3 сахьт.
Бадуев С.-С. С. – 8 сахьт.
Мамакаев 1. Ш. – 5 сахьт.
Хамидов 1.-Хь. Х. – 5 сахьт.
Къоман литература 20-чу б1ешеран 20-40-чуй шерашкахь кхиаран жам1аш.
– 3 сахьт.
Нохчийн литература Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом лаьттинчу шерашкахь.
– 3 сахьт.
Нохчийн литература 20-чу б1ешеран 50-70-чуй шерашкахь. – 3 сахьт.
Хьалха д1яханчу хенахь оьрсийн, вайнехан вовшашца хилла машаре уьйраш литературехь гайтар. – 1 сахьт.
Нохчийн литература 20-чу б1ешеран 80-90-чуй шерашкахь. – 3 сахьт.
Къамел кхиор –7 сахьт.
Дерриге–68 сахьт.
9-г1а класс чекхъяьккхинчарна хаа дезарг
Литература 1амийначу дешархочунна хаа деза:
– нохчийн барта кхоллараллин коьрта тайпанаш, 1амийначу барта говзарийн чулацам а, исбаьхьаллин башхаллаш а;
– барта кхоллараллиний, исбаьхьаллин литературиний юкъара къастамаш;
– нохчийн литература кхоллаяларан коьрта хьелаш;
– къоман барта кхоллараллин бухт1ехь, 1аьрбийн, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературех пайда а оьцуш, нохчийн исбаьхьаллин литература кхиар;
– Бадуев Саь1идан дахар а, кхоллараллин некъан коьрта муьраш, кхиболчу яздархойн дахарх лаьцна коьртаниг;
– 1амийнчу исбаьхьаллин говзар т1ехь гайтинчу заманан коьрта билгалонаш, сюжетан, д1ах1оттаман, вастийн башхаллаш;
– 1амийнчу исбаьхьаллин говзарийн коьртачу турпалхойн амалш а, юкъара маь1на а, жанрийн къастамаш, нохчийн иллин, стихан башхаллаш;
– литературо дахар исбаьхьаллин суьртехь, васташца гайтар, литературин дахарца йолу з1е, халкъан дахарехь исбаьхьаллин литературин маь1на.
Дешархошна 1емина хила деза:
–говзар т1ера исбаьхьаллин суьрташ шайн ойланехь юха схьах1итто;
– барта кхоллараллин а, йозанан литературин а говзар шен жанран, идейно-исбаьхьаллин башхаллашка хьаьжжина къасто;
– халкъан иллийн а, литературин говзарийн а проблемаш билгалъяха;
– иллин турпалхочун амалш билгалъяха, тайп-тайпанчу иллеш т1ерачу турпалхойн амалш вовшех юстуш къасто;
– исбаьхьаллин говзар литературин муьлхачу тайпанан ю (эпически, лирически, драматически) билгалдаккха;
– иллин чулацаман, сюжетан, д1ах1оттаман, суртх1отторан г1ирсийн, меттан башхаллаш къасто;
– исбаьхьаллин говзар маь1на билгалдаларехь турпалхочун меттиг а, автора цуьнан хадош болу мах а билгалбаккха;
– исбаьхаллин говзарх а, цуьнан турпалхойх а шайна хетарг бух боллуш ч1аг1дан;
– 1амат т1ехь ялийначу литературоведчески дошамах пайдаэца;
– исбаьхьаллин говзар а, литературин юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян а тексташ тийса а ца луш, шерра хозуьйтуш д1аеша;
– исбаьхьаллин говзар къастош еша;
– шаьш кхочушбечу бартан, йозанан белхан план х1отто;
– литературин хрестомати т1ерачу статьян план, тезисаш, конспектх 1отто;
– изложенеш язъян;
– барта а, йозанан а тайп-тайпанан сочиненеш кхолла(шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна а, живопись суьртехь пайдаоьцуш а, литературин материал т1ехь язъеш ерш а), царна юкъахь классехь 1амийначу говзар т1ера турпалхочун амалш къастош а, шина турпалхочун амалш вовшах юстуш а йолу сочиненеш;
– литературин хьокъехь йолчу статьян план а, тезисаш a х1отто.
Дешаран-методикин кхачаман ларам
Литератара
Дешархошна:
1Эжаев У. Х., Эжаева Р. У.«Нохчийн литература»9-чу классана хрестомати.
2 дакъа. Грозный 2005шо.
2.Арсанукаев 1. М. «Нохчийн литература»9-чу классана учебник.Грозный 2008 шо.
Хьехархочунна:
1.Арсанукаев А. М., Эдилов С. Э., Арсанукаев А.-Б. А.«Юккерчу школашна нохчийн литературин программаш»5-11-чуй классаша.Грозный 2002 шо.
2.Джамалханов З. Д., Хамидова З. Х.«Юккъерчу школийн лакхарчу классашкахь ненан мотт а, литература а хьехар»Грозный 1972 шо.
3. Арсанукаев 1. М. «Юккъерчу школехь лирически а, лиро-эпически а произведенеш 1амор»Грозный 1984 шо.
4.Чентиева М. Д. «Нохчийн литературин урокашкахь дешархойн къамел кхиор а, классал арахьа цаьрца болх бар а»5-8 классашкахь. Грозный 1992 шо.
5.Минкаилов Э. С. «Нохчийн литературеххий, барта кхоллараллеххий» Элиста 2007 шо.
6.Арсанукаев 1. М.«Школехь исбаьхьаллин произведени таллар»Грозный 2008 шо.
7.Арсанукаев 1. М.«Нохчийн литературин 1илманан терминийн луг1ат»Соьлжа-Г1ала 2010 шо.
8.Эльдаров 1. А., Уциев А. Х.«Нохчийн литература»9-11-чуй классашна дешаран пособи.Нальчик 2011 шо.
9.Эльдаров 1. А., Саралиев 1. Х. «Нохчийн литература хьехаран некъаш» Элиста 2009 шо.
10.Арсанукаев 1. М.«Язык. Литература. Школа»Грозный 2012 шо.