
Нохчийн меттан 5-чу классехь йиллина урок
Мотт - адамийн уьйран уггар мехала г1ирс.
Нохчийн меттан, литературан хьехархо:
Заруева Залина Хусейновна
Урокан ц1е: Мотт – адамийн уьйран угар мехала г1ирс.
1алашо: Хаа хеза, ненан мотт 1амо безаш хилар а, цуьнан мел маь1на ду а. Маттаца доьзна адамийн дерриге дахар а хилар: уьйраш, гергарло, сий, яхь, хьекъал, кхетам.
Кхечу къоман мотт хаар сийлахь, пайдехь хилар. Амма шеен мотт д1а а тетина, иза 1амор емалдеш хилар.
Шен ца безачунна, шен къам а, мохк а безарг цахиларх кхетор.
Урок д1аяхьар
хьехархочун дош.
Нохчийн мотт хаза а, исбаьхьа а, хьалдолуш а бу. Нохчийн х1инцалера литературни мотт кхуьуш бу шерачу аренгарчу нохчийн диалектан буха т1ехь. Оцу диалектехьмотт буьйцуш берш бехаш бу Грозни – г1алахь а, цуна гонаха йолчу еа – пхеа районехь а.
Д1аязъе х1ара предложенеш:
Мотт – иза муьлххачу а халкъан истори ю , цуьнан хиндерг ду.
Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац
Ненан маттал хаза а , сийлахь а х1умма дац.
Кхечу къоман мотт хаар пайдехь а, амма шен мотт д1а а тесна 1амабе аьлла дац иза.
- Муха хадабо метан мах х1окху предложенешкахь?
- Вайн урокан ц1е муха ю? Цуьнца йог1уш хетий шуна уьш? Х1унда?
II. Урок йолаялале уьн т1ехь яздина:
Шайна кхарех нийса хетарг билгалдаккха:
Мотт адамийн уьйран г1ирс бу.
Мотт адамашна ца оьшу, мотт ца хилча а кхетар бу уьш вовшех кхечу г1ирсашца (мимикица, тайп – тайпанчу кхечу х1уманийн г1оьнца, ша – тайпана аьзнашца.)
Мотт школехь массо а классашкахь дика 1амо беза.
Мотт массо а классашкахь ца 1амийча а мега. Мотт дика ца хиъча а дало стаге шен дахарехь оьшуш дерг.
Дуьнен т1ехь 3000 ца кхочуш мотт бу. Царех 3-4 хаа беха х1оранна.
Шен къоман мотт хиъча а тоьар ду болх бан а, ваха а. Кхидолу меттанаш адамийн дахарехь йоккха меттиг д1алоцуш дац.
- Предложенеш д1аоьшу. Дешархоша шайна хетарг билгалдоккху.
- Жам1 до хьехархочун г1оьнца: Мотт- адамийн уьйран уггаре а мехала г1ирс бу, аьлла.
- Уьн т1ера и жам1 деш г1о дина йолу предложенеш бераша тетрадаш т1е д1аязйо.
III. 1амийнарг т1еч1аг1ар.
Кхочушдо 1 – ра шардар. Дешархошка хаам бо: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац» ц1е йолуш жима сочинении язъян кечам бан беза аьлла. Цунна лерина коьчал кечъе.
Кхочушдо 2 – г1а шардар.
IV. Кхеторан диктант.
Нохчийн мотт исбаьхьа, хаза, хьалдолуш, ира мотт бу. Дог – ойла ма – ярра ц1ена, нийса, юьззина д1айийца, билгалъяккха йиш ю вайн маттахь. «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах кхеташ боцу нах бу», - аьлла воккхачу 1илманчас П. К. Услара.
- Интонацица д1аеша. Шайн дешнашца схьайийца иза.
V. Дозуш долу къамел кхиор.
Кхоллараллин болх.
Уьн т1ехь д1аязйина х1ара байташ:
Малхо хь…стуш зезаг ду со,
Ломахь сенчу бай т1е даьл…а.
Вочу мат…о со ма дийца,
Вочу куьйга со ма хьаде. (Хь. Сатуев.)
- Т1адамийн мета элпаш а х1иттош, д1аеша байташ.
- Тетрадаш т1е схьаязъяле ц1е тилла царна («Зезаг»).
- Вай тахана 1амочуьнца уьйр юй оцу байтийн?
- Муха хила лаьа зезагна шех лаьцна буьйцу мотт?
-Х1инца оцу байташна чаккхе язъе, шина мог1анах а лаьтташ.
Шайга и ши мог1а ца язлахь, ши предложении язъе, байтийн чулацамца йог1уш йолуш.
- Дешархошка йоьшуьйту шаьш язйина байтийн чаккхе я ши предложении.
Массара а язйиний уьш? Мотт к1орггера хууш хилчий бен язлой адамашка шайн дагахь дерг, х1уманан массо а аг1о гойтуш? Атта 1емий ненан мотт? Аша муха къахьега деза иза 1амош?
- Х1инца д1аязъел Сатуевс шеен байташ чекх муха яьхна:
Лаьмнийн некхах ца дакхийтахь,
Малхалдахна, лийр ду со.
- Иштта, кхоччуш шен дагахь дерг ала хаа, метан к1оргенеш евзаш хила веза. Вай кхушара боккха ницкъ т1ебахийтина 1амор бу исбаьхьа нохчийн мотт.
VI. Ц1ахь бан болх.
Кхочушдо 4 – г1а шардар.
Кечло дийца, шаьш аьхка са муха даь1ира.



"Мотт -уггаре мехала г1ирс" (1.52 MB)

