Меню
Разработки
Разработки  /  Внеурочка  /  Мероприятия  /  8 класс  /  Классал арахьара болх «Ненан мотт – къоман юьхь, халкъан орам» ц1е йолу «Нохчийн меттан Де» даздарна лерина литературно-музыкальни композиции

Классал арахьара болх «Ненан мотт – къоман юьхь, халкъан орам» ц1е йолу «Нохчийн меттан Де» даздарна лерина литературно-музыкальни композиции

«Ненан мотт – къоман юьхь,

халкъан орам» ц1е йолу

«Нохчийн меттан Де» даздарна лерина

литературно-музыкальни композиции

04.05.2017

Содержимое разработки



Классал арахьара болх


«Ненан мотт – къоман юьхь,

халкъан орам» ц1е йолу

«Нохчийн меттан Де» даздарна лерина

литературно-музыкальни композиции



Гуьмсан к1оштан

Энгель-Юьртан №2 йолчу юккъерчу юкъарадешаран хьукматан

нохчийн меттан, литературин хьехархойн

методически цхьаьнакхетаралла


25-г1а апрель – Нохчийн меттан Де


Ненан мотт – къоман юьхь, халкъан орам.

«Ненан мотт» илли д1аолу Межиев Сахьаба.

1-ра д1ахьошверг:


Ненан мотт, Нохчийчоь -

Ц1ийца сан ийна,

Цундела 1алац со

Доцуш дош тийна.

(Ш. Рашидов)

2-г1а д1ахьошверг:


Сан меттан жовх1арш,

Х1орд хилий 1ана.

Стаг вац со,

Шу аьзнех къастахь.

Дуьххьара дош ду ас

1амийнарг: «Нана» -

Сайн ненан маттахь!

(1. Хатуев)


1-ра д1ахьошверг: Нохчийн меттан Де д1акхайкхоран хьокъехь Нохчийн

Республикин Президентан Указ:

11.05.2007 шо Соьлжа-Г1ала № 207


Нохчийн мотт 1алашбан, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура

кхиорехь, къоман башхалла ларьярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран

1алашонца:

  1. «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъех» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина апрелан 25-г1а де – Нохчийн меттан де д1акхайкхадо…

Нохчийн Республикин

Президент Кадыров Р.А.



2-г1а д1ахьошверг: Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьомсара

накъостий!


1-ра д1ахьошверг: Вай долчу хьошалг1а веана халкъан поэт Рашидов Шаид.


2-г1а д1ахьошверг: Лераме накъостий! Вай тахана д1ахьур ду «Нохчийн

меттан Де» даздарна лерина «Ненан мотт - къоман юьхь, халкъан орам» ц1е

йолу цхьаьнакхетар.


1-ра д1ахьошверг: Дала беркате дойла вайна, 25-г1а апрель нохчийн меттан Де

лоруш, вайн Президента Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу шеран №207 Указ


2-г1а д1ахьошверг: Нохчийн Республикан Конституцин 10-г1а статья:

«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору нохчийн а, оьрсийн а

меттанаш…»


1-ра д1ахьошверг: Вайн таханлерчу «Даймохк» газетан дуьххьарлера «Серло»

ц1е санна, вайн къомана серло йохьуш, массеран а дегнашкара дика ойланаш

вовшахтохарца нуьре йойла цо, шен к1оргачу маь1ница.


2-г1а д1ахьошверг: Лераме накъостий! Х1инца ненан маттах хастаме дош олу

ишколан директора Рамзан Лечиевича


1-г1а д1ахьошверг: Вайн ненан мотт вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Таймин Биболата, Эвтархойн Ахьмада, Адин Сурхос, Харчойн Зеламхас, Шерипов Асланбека, Нурадилов Ханпашас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас….


2-г1а д1ахьошверг: Цу маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайна Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Селахьа, Мамакаев 1арбис, Дикаев Мохьмада, Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шаида, Ахмадов Мусас, Кибиев Мусбека, Хатуев 1абдулхьамида


1-ра д1ахьошверг: Оьрсийн яздархочо Л.Н. Толстойс иштта хастаме дош аьлла вайн маттах: «Нохчийн мотт уггаре хьалдолчу а, мехалчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь хьуна иза кхоччуш дика хууш белахь».


2-г1а д1ахьошверг: Гоьваьллачу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара аьлла ду: «Ненан мотт - иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза. 1амадейша




дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а 1амабай, оцу маттахь яздан а, деша а 1амадай…».



«Ненан мотт» Абузар Айдамиров.

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзунийн баннашна лулахь,

Нанас со кхийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.


Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вай халкъан турпалхой хестощ,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара дог 1ийжош,доруш.


Цу иллийн дешнашца гора

Даймехкан исбаьхьа суьрташ,

Маршоне, Даймехке безам,

Вайн дайша къийсамехь гайтар.


Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш,

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.


Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.


Бекалахь ненан мотт тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къихьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

1-ра д1ахьошверг: Эвлаяа Соип-моллас меттанаш хаарх лаьцна аьлла боху: «1аьрбийн мотт 1амабелаш – ийманан мотт бу шуна иза; нохчийн мотт ларалаш – ненан мотт, г1иллакхан мотт бу шуна иза; оьрсийн мотт хаалаш - шайх хила доллург х1ун ду хуур ду шуна; ингалсан мотт 1амабелаш - бахаман мотт бу шуна иза (язык экономики)».


2-г1а д1ахьошверг: Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:


Хьешашка – оьзда,

Доттаг1чуьнга - мерза,

Мостаг1чуьнга - буьрса,

Захалонна - хаза,

Масла1атана - к1еда,

Берашка - эсала.


Амма кхетам к1еззиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.


«Ненан мотт» Тамара Адамова


Безалахь, эшалахь хьайн ненан мотт,

Даима бийца и к1орда ца беш.

Цуьнца ахь елахь хьайн кхолламан чот.

Цуьнца хьо х1отталахь дикаллин теш.


Хьоме ду, мерза ду шен ненан васт,

Цул деза адам дац дахарехь хьан,

Хаалахь, ненан мотт ца хилча хьашт,

Сий ца деш, тосу ахь хьайн нана д1а.


Дешнаш а тоьар ду, шорта ду элпаш,

1илманийн к1оргенаш а йийцало.

Цундела ца дохуш хьайн маттах айпаш,

Хастам а, сий-лерам цунна д1ало.


Х1ора а стаг ма ву шен къоман векал,

Х1ора а къоман бу шен ненан мотт.

Х1ораннах а хир ву ша цхьа пекъар,

Шен мотт а бицбина, цо еттахь йорт.




Кхолламан йозалла ю ненан мотт

Нагахь и бийцича ц1ена,

И буьйцуш еанехь хьан лерга потт,

Хьо дакъазволуш ву-кх денна….

1-ра д1ахьошверг: Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а, безар бац. Цуьнан сий ца лардечо ненан сий а лардийр дац.


2-г1а д1ахьошверг: Вайн мотт оьзда, чомехь бийцар хьахаделлачохь масална валаво Джамалханов Зайнди. Цуьнан матте ладог1аза стаг к1езиг хир ву вайн махкахь. «Нохчийн йозанан устазах» лаьцна ала хьакъдолу дешнаш карийна халкъан поэтана Хатуев 1абдулхьамидана.


«Нохчийн мотт» 1абдулхьамид Хатуев.


Вайн мотт дуй те

Маьлхан зезаг

Я ахь буьйцуш,

Хетало?

Дуьне, эхарт,

Вевза – везарг

Суна-м дерриг

Диц ма ло!


Вайн мотт дуй те

Дашо хьоза,

Мохехь, малхехь

Ийъалуш,

Хазчу иллийн

Доцуш доза,

Маьлхан нуьрца

Къийсалуш?


Х1ан-х1а, дац и

Зезаг, хьоза,

Бац и аьрха

Маса дин…

Мазал мерза,

Пхьерал говза

И марзбинарг

Ву Зайнди!


1-ра д1ахьошверг: Мотт къоман а, х1ора халкъан а г1иллакх-оьздангаллин бух бу. Нохчийн маттах, нохчийн махках бераллехь дуьйна дозалла дина ву Дикаев Мохьмад. Ткъа Кибиев Мусбека: «Г1иллакхан новкъа бер долу нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь…», - аьлла.


2-г1а д1ахьошверг: Ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза. Мотт - иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар.


«Ненан мотт» Хатуев 1абдулхьамид


Ламнашкахь малх кетча,

Дуьйлало хиш,

Б1аьстено къагадо

Со вина латта.

Эзарнийн озаца ас лоьху йиш

Сайн ненан маттахь!


Сайн меттан жовх1арш,

Х1орд хилий 1ана.

Стаг вац со,

Шун аьзнех къастахь.

Дуьххьара дош ду ас

1амийнарг: «Нана» -

Сайн ненан маттахь!


Г1елбелла ненан мотт,

Ца оьшу кхин,

Аьлла шайн

Нийсархо г1аттахь,

Алалаш цуьнга:

«Хьайн дайна сий»,-

Шайн ненан маттахь!

Карадац дешнаш,

Карадац аз

Д1ах1отто

Исбаьхьчун метта.

Цундела хестабеш,

Сий дийр ду ас

Сайн ненан меттан!

1-ра д1ахьошверг: Г1иллакх долуш, оьздангалла шеца йолуш стаг хир вац, нагахь иза шен ненан мотт безаш а, хууш а вацахь. «Моз санна мерза болу», «ламанан шовда санна ц1ена болу» ненан мотт.



2-г1а д1ахьошверг: Халкъан поэта Рашидов Шаида аьлла: «Ненан матте болу безам сайн хадахь, суо велла лорур ву ас. Нана, Даймохк, ненан мотт со техкош долу ага ду. Оцу маттахь аьлла суна аганан илли, оцу маттахь кхайкхина ас генарчу Даймахке. Уьш ца хилча суо а вац. Ненан маттах йолу сайн байташ оцу ойланца язйина ю ас. Мотт а боцуш къам хила йиш яц. Сайн нохчийн маттана т1ера д1аболабо сан кхечу меттанашка болу безам. Нана а, Даймохк а ас оцу маттахь хестабо. Царех со хадавахь, дахар а хеда сан. Ден, ненан, йиша-вешин санна сий дан деза ненан меттан а, Даймехкан а, оьзда мел йолчу йо1а а, яхь мел йолчу к1анта а».


«Ненан мотт» Шаид Рашидов.


Доккхачу лаьтта т1ехь

Хазалла лоьхуш,

Сада1ар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена т1евоьхуш,

Хиллера ц1ийх боьлла

Сан ненан мотт.

Зезагийн лесторехь,

Техкарехь диттийн,

Къайленаш соь юьйцуш

Ловзарехь х1орд,

Ладоьг1ча шабаршца

Бешарчу ниттийн,

Соь ницкъ лург хиллера

Сан ненан мотт.


Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхи,

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Къагабеш б1аьргаш,

Серло лург хиллера

Сан ненан мотт.


Диканехь я вуонехь

Дош ала дезча,

К1орггера ян воьлча

Хиллачийн чот,

Эхь, ийман я г1иллакх,

Доьналла эшца,



Хьекъал лург хиллера

Сан ненан мотт.


Вахар а х1ун оьшу

Цунах д1ахаьдча?

Биц бина вехаш верг

Ю яьсса ботт.

И саннарг карор бац

Мел дукха лехарх,

Даймехкан дозалла

Сан ненан мотт.


(Илли д1аолу Болтмурзаев Сайд-Ахмада 11 А кл.)

1-ра д1ахьошверг: Ненан мотт. Нанас аганан илли аьлла мотт. Безаш ца хилча, бийца хуур доцу мотт, бийца ца хиъча, хьо юьхьк1айн хир воцу мотт вайна марзбинчу устазийн ц1ераш яхар, уьш бовзийтар вайн декхар ду:

Ахмадов Адам

Абалханов Хьаким

Хизриева Майсет

Лалаков Халид

Рашидов Шаид

2-г1а д1ахьошверг: Нохчийчохь дика бевзаш, хьанала белхаш беш бу вайн ишколехь шайн кхоллараллин новкъа бевлла, оццул ч1ог1а хесточу вайн меттан хазалла йовза а¸ цуьнан сий-лерам бан а, дахаран чолхечу новкъахь дайн оьздачу г1иллакхех ца духуш, нийса некъ д1абахьар хьехна болу:


Осмаев Мовла

Бескаев Юсуп

Осмаев Усман

Осмаев Яраги

Ясакова Зимани

Вайн нохчийн меттан исбаьхьа хазнаш йовзуьйтуш, цуьнан г1иллакх- оьздангаллин т1ег1анаш т1ехула вайн дайн ламастийн лакхене вай кхачош, хьанала къахьоьгуш бу нохчийн меттан, литературан хьехархойн методически цхьаьнакхетараллин декъашхой. Царна даггара баркалла ала лаьа тхуна:


Селимсултанова Петимат

Исмаилова Лариса

Хасиева Гульжан

Элисеева Малика

Хасаева Малика




«Аьрзунан илли» 1абдулхьамид Хатуев.


Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,

Мел лекха ду церан сий!

Деригге дуьне ду яхьйолчун меха:

Вайн лаьмнийн г1иллакх ду и.

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна яхь.


Т1еман к1ур г1иттинчохь, хьарг1анаш хьийза.

Ма даръе воьжначун чов

Осала г1иллакх ду йийсарца къийсар.

Аьрзунехь куралла тов!


Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алаш де ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна яхь.


Маьрша стаг кхоьллина дуьнен т1ехь ваха ,

Беза бу адаман мах.

Деза ду лаьтта т1ехь муьхха а дахар.

Къонахе и ларде бах.


Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна , дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна, яхь.

2-г1а д1ахьошверг: Нохчийн поэзин къаночо, халкъан поэта Арсанукаев Шайхис аьлла: «Вай нохчий ду. Веза воккхачу Дала кхоьллина вай - нохчий. Цо белла вайна нохчийн мотт а. Ненан мотт –х1ун ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза». Дукха ду ненан маттах лаьцна дийца а, дийцина а.



1-ра д1ахьошверг: Вайн к1оштарчу гоьваьллачу поэтана Цуруев Шерипана а лаьа нохчийн маттахь дика дош аьлла лар йита, нохчийн маттахь илли долчу махкахь оцу халкъан цинц хилла ваха. Шен байт иштта йолайо цо:






Со лийр велахь вала лаьа,

Цкъа цхьа дика нохчийн маттахь

Нохчийчоьнах назма аьлла…


2-г1а д1ахьошверг: Поэта Пашаев Нурдина аьлла: «Ас сайн аьлларг хилча «Ненан мотт» аьлла ц1е мосазза йоккху а цунна хьалха «бисмилла» доккхур дара. Стигланан корашка ца яздахь а, мелла а лакха, массарна гучче д1аяздийр дара. Айса и балхош болчаьрга т1ехула балхийна ца 1аш, церан дегнаш чу хьорсур дара цуьнан зевне аз…. Шайхис ма-аллара, церан лергара потт д1айоккхур яра…. Абузаран даггара, аганан иллица берашна и балхор бара…. Мохьмада санна, нохчийн мотт 1алашбечунна, цуьнца йолу парг1ато халкъана д1агойтур яра, Билала ненан мотт ца хууш волчуьнга баьккхина бехк санна, и лоруш воцчунна шех а, шен т1аьхьенах а йог1учу заманца хиндерг б1аьргашна хьалха оьхур дара. Доцца аьлча, Шарипа санна даггара, шен ненан маттахь цхьа дош дитина а дуьненчохь лар юьтур яра».


«Айало, ненан мотт» Нурдин Пашаев.

Айало, ненан мотт, айарца аз хьайн.

Хьо ма бу дуьххьара 1амош берг беро.

Йиш яц хьо ца буьйцуш ялийта херо.

Хьо ма бу вовшашка буьйцуш берг вай.


Айало ненан мотт, хьайн къайле йийца,

Дахаран сан куьзга, дег1ан са хьо деца.

Сан де дайн, варх1е дайн, силсал хьо еца.

Дуьненчохь х1умма дац сан хьоьца хийца.


Айало ненан мотт, айало лакха.

Хьайн халкъан сий ойуш, бекалахь шовкъе.

Аз хецций айало, даккха дог хьоле.

Хьарсарта дег1 дигий, дог парг1ат даккха.


Хьан еца ненан мотт, дахаран хазна.

Нанас шен олуш дерг аганан илли.

Хьо доггах безаро сан б1аьргаш дилли.

Хаалахь, хьол дукха х1умма ца дезна.


Х1инча а хьоьх кхоччуш дош аьлларг ма вац.

Жовхарийн х1онц хьо ю, дахаран корта -

1илманан бух хьо бу, къайле ю шорта.

Мотт хилча къам хуьлу, и бацахь къам дац.


1-ра д1ахьошверг: Вай х1инца вайн хьеше дош лур ду. Рашидов Шаид, хьуна ду дош.


2-г1а д1ахьошверг: Таханлерчу цхьаьнакхетаран декъашхой бу хьоьга хаттарш дала лууш а, хьан байташ барта еша лууш а. Царна дош ло вай.


1-ра д1ахьошверг: « Ненан мотт » Исаев Салават. 7а класс.


2-г1а д1ахьошверг: «Бехке бо нохчий» Цагараев Рашид. 7а класс


1-ра д1ахьошверг: «Даймохк» Лалакова Сацита. 8б класс.


2-г1а д1ахьошверг: «Юьртхошка» Абдуллаев Адам. 8б класс.


1-ра д1ахьошверг: Х1инца вай цхьаьнакхетаран декъашхойн хаттаршна жоьпаш лур ду-кх ахь, Шаид.


2-г1а д1ахьошверг: Дешархой, шуна ду дош.


1-ра д1ахьошверг: Вай х1инца дерзоран дош ло ишколан директорна Рамзан Лечиевичана.


2-г1а д1ахьошверг: Ненан мотт - иза дахаран хазна ю. Нохчийн маттах лаьцна воккхачу 1илманчас, Кавказан этнографа, академика Петр Карловича Услара ша язбинчу 1илманан балха т1ехь кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».


1-ра д1ахьошверг: Ненан мотт х1ора къоман культуран бух хиларе терра, иза мелла а к1орггера дика 1амор вайн х1оранна декхар ду. Цундела цу хьокъехь Атабаев Султана иштта аьлла:


«Халкъан бахам» Султан Атабаев.


Ненан мотт -

Вайн безам, илли,

Ненан мотт -

Вайн г1айг1а, ирс.

Ненан мотт,

Хьох ваьлларг тилла.

Ненан мотт -

Лараме г1ирс.



Ненан мотт -

Вайн халкъан т1емаш.

Ненан мотт -

Вайн бахам, сий.

Ненан мотт -

Бовза ца 1ебаш,


Кхойкху ас

Шуьга, нохчий!


2-г1а д1ахьошверг: Хьоме дешархой! Лараме хьеший, хьехархой! Вайн таханлера цхьаьнакхетар Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени т1ехь Межидов Сахьаба д1аолучу иллица дерзо лаьа тхуна.


1-ра д1ахьошверг: Кху т1ехь «Нохчийн меттан Де» даздарна лерина «Ненан мотт - къоман юьхь, халкъан орам» ц1е йолу нохчийн халкъан поэтаца Рашидов а Шаидца цхьаьнакхетар чекхдолу.


2-г1а д1ахьошверг: Дала ненан мотт безаран т1ехь ч1аг1дойла вай! Г1иллакхе, оьзда и бийца к1орда ма дойла цхьанне а нохчочунна! Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун!

13


-80%
Курсы повышения квалификации

Эмоциональный интеллект

Продолжительность 36 часов
Документ: Удостоверение о повышении квалификации
3000 руб.
600 руб.
Подробнее
Скачать разработку
Сохранить у себя:
Классал арахьара болх «Ненан мотт – къоман юьхь, халкъан орам» ц1е йолу «Нохчийн меттан Де» даздарна лерина литературно-музыкальни композиции (177.5 KB)

Комментарии 0

Чтобы добавить комментарий зарегистрируйтесь или на сайт