Меню
Разработки
Разработки  /  Прочее  /  Мероприятия  /  8 класс  /  Литературин мастер–класс Коьчал: Гадаев Мохьмад-Салихьан «Дарта» стихотворени йийцаре яр.

Литературин мастер–класс Коьчал: Гадаев Мохьмад-Салихьан «Дарта» стихотворени йийцаре яр.

Литературин мастер–класс Коьчал: Гадаев Мохьмад-Салихьан «Дарта» стихотворени йийцаре яр.

04.05.2017

Содержимое разработки

Литературин мастер–класс


Коьчал: Гадаев Мохьмад-Салихьан

«Дарта» стихотворени йийцаре яр.



























Гуьмсан урхаллин к1оштан

Энгель- Юьртан дехийлан

юккъерчу юкъарадешаран №2йолчу хьукматан

нохчийн меттан, литературин хьехархо

Селимсултанова Петимат Боршиковна

Коьчал: Гадаев Мохьмад-Салихьан «Дарта» стихотворени йийцаре яр.


1алашо: Стихотворенин исбаьхьаллин аг1онах нийса кхеторан аг1орхьа т1е1аткъам бар. Барта исбаьхьаллех дешархойн болу кхетам тIеч1аг1бар.

Дешархой дартан вастан дуьнене балор, царна гайта васт кхолла тарлуш йолу тайп-тайпана исбаьхьаллин кепаш, дартан вастан дуьне гайтина а ца 1аш, цуьнан дуьненан васт а гайта.

Дартан васт мелла а дуьззина схьаделлар, тайп-тайпанчу исбаьхьаллин кепийн юкъаметтиг гайтар.

Говзаран турпалхочун дог-ойла хааяларан говзалла кхиор а, авторан цуьнга а, сурт х1отторан хиламашка а йолу ойла схьалаца кхетам кхиор.

1аламан суьрташ «дахкар» а, цаьрца йог1у эшарийн а, барта сурт х1отторан башхаллаш а къастор. Дешархойн къамел а, кхоллараллин ойла ян хааран агIанаш кхиорна а тIе т1е1аткъам бар.


Де дика хуьлда шун, лераме хьехархой!

Интегрировать – вовшахтохар.

Суна самукъне ду х1умнаш йозуш хиларан исбаьхьалла (синтезан исбаьхьалла).

Схьахетарехь, беран гонахьара дуьне тайп-тайпанчу исбаьхьаллех дуьзна делахь, оцу адаман амал а хуьлу ша-тайпана исбаьхьаллех юьзна. Х1ора исбаьхьаллин тайпано ша-тайпана бакъдолчун сурт гойту:

Суьрташ дахкарца гойту дуьненан дукха басарш.

Мукъамо гойту адамийн дог-ойла.

Къаьсттина болчу хиламех лаьцна дуьйцург литература ю.

Кхийолчарех къаьсттина ша схьаэцна исбаьхьалло ца гойту дуьззина дуьненах хаам.

Исбаьхьаллин вовшахкхетаро а, церан вовшийн т1едузаро аьтту бо к1орггера, 1аткъаме дешархоша исбаьхьаллин васт схьаделларна.

Цу тайпанарчу урокаша кхиайо оьздангалла а, дешархойн кхоллараллин пох1ма а. Гучудоккху берийн самукъа даьржина исбаьхьалле цхьаьна.

Дешархой шайна хетачунна т1ехь лаамалла йолуш хуьлу, шайн хьежам болуш хуьлу, шайна хетачун бакъхиларан билгалонаш ларъеш а хуьлу.

Уггаре коьртаниг – берана 1аткъаме йолу аг1о кхуьу, цуьнан дог-ойла а, са а кхуьу.

Ойлаеш а, синмехаллаш шеца йолу адам – и ду-кх, вай кхион г1ерта адам.

Интеграцино (вовшахтохар) г1о до дешархошна дуьненан бахаман а, цуьнан тайп-тайпанчу аг1онийн сурт гайта.

Х1ара мастер-класс лерина ю тайп-тайпанчу исбаьхьаллин тайпанийн з1енашкахь исбаьхьаллин васт талларан анпална (проблемина).

Тахана вай хьовсур ду «Дарта» аьрзунан васт гайта. (Презентации, слайдаш).

– Дарта стенан ц1е ю? (Арзу ду иза, бакъду цхьаццайолчу меттигашкахь дрофах олу дарта, амма вай дуьйцург дарта – аьрзу ду).

– Муьлхачу тобанна юкъадохуьйтур дара вай и олхазар? (Г1ира олхазаршна юкъадог1у иза).

– Нохчаша кхин х1ун олу цуьнах? (Биркъа, ц1окъ-аьрзу.)

– Муха амал йолуш олхазар ду иза? (Кхерам х1ун ю ца хууш майра аьрзу ду иза, шел дуккха даккхачу экханна т1елатаро гойту иза).

– Мичахь деха и, 1ер-дахар муха ду цуьнан? (Адамаш наггахь бен т1е ца кхочучу тайп-тайпанчу йиллинчу, ахйиллинчу ландшафташкахь деха иза, шена бен буг1у тархаш йолчу терхи т1ехь, я даккхийчу пурхнехьа стаммий гаьннаш долчу дитташ т1ехь).

– Кхечу олхазарех дарта аьрзу муха къастор дара аша? (Дарта доккха а, онда а аьрзу ду, дег1ан дохаллина метр гергга ду иза, шиъ метр сов т1емаш даржадо цо, ткъа ша 4-6 кила деза деза хуьлу иза).

– Цунна муха эпитеташ ялор яра вай? (дог майра аьрзу, сира-сийна аьрзу, пачхьалкхан аьрзу)

– Х1ун ойланаш кхоллало шун аьрзу гича? (Кхерам а, дозалла а, хазахетар, цуьнах цецвалар хуьлу дагчохь).

– Хене муха долу иза? Цуьнан кхача х1ун ю? (Цкъацкъа, шел дуккха дакккхийчу акхаройн: курасайнан (благородный олень), масаран (серна), уьстаг1ийн (овца), лунан (косуля) к1орнешна т1ехь толлуш лела, иштта даар до цо шена набард1амах (сурок), оьпанах (суслик), пхьагалех (заяц). Нагахь эшахь, пхеа к1иранах юург ца юуш 1ало иза).

Кхид1а халкъан кхоллараллина т1е т1ай тилла мегар ду.

Аьрзунах лаьцна кицанаш.

- Аьрзу массо олхазаршна а олхазар ду.

- Аьрзуно къигаца къамел ца до.

- Аьрзу лета, кегийчарна месаш кхочу.

- Аьрзу кхочуче къиг ца кхочу.


1адаташ (поверья)

(Къилбера славаьнийн цхьа 1адат ду: цара цунна т1еяздо башха дукха дахар. Иза кхидолчу олхазарел дукха деха, дийна хи долу 1ам чохь лийча а луьйчуш, иза доьналла долуш ду юха жима хила).

(Ткъа оьрсийн 1адаташца, туьйранашца Делан олхазар ду, стигланийн олхазарийн паччахь, курчу нуьцкъалаллин, парг1атонан васт ду дарта).

–Халкъалахь х1ун ц1е яхана ду иза?

Юккъерчу Азин кхелхина лелаш долчу къаьмнийн: дукхахьолахь казахийн, г1ирг1азойн, монголин, дарта цхьогалшна, пхьагалшна, берзалошна, хьехашна (джейран), г1амарийн хьехашна (сайгак) т1аьхьа талла лелош олхазар ду).

Хьехархо:

Дарта девзаш долчу г1ира олхазарш юкъадог1у куьйранийн доьзалера уггаре доккха аьрзу. Даьржина ду дуьненан къилбаседера эхиг т1ехь, дукха хьолахь лаьмнашкахь, к1еззигчу барамехь нийсачу йиллинчу а, ахйиллинчу а ландшафташкахь хуьлу. (меттиган т1ехуле). Ларло адамаш долчу меттигех, адамера хуьлуш долчунна синхааме ю.Тайп-тайпанчу экханна, дукха хьолахь пхьагалшна, дехкашна, дуккха а тайпана акхарошна толлуш лела.Шена бен буг1у дитт т1ехь т1екхача хала тархаш йолчу терхи т1ехь.Таханлерчу дийнахь дарта, кхидолу дукхах долу европейски г1ира олхазарш санна пачхьалкхан законан тергамехь ду. Дарта, Россин Ц1ечу книгин, наггахь бен доцу олхазарш, аьлла шен статус йолуш ду. Дартан майралла гойту шел барамна дуккха даккхийчу акхарошна т1елетаро.

Х1окху кепаша таро хуьлуьйту сурт х1оттор кхиор доцург, къамел а, дешархойн дешнийн т1аьхьало шоръяр, халкъан кхоллараллица, ламасташ уллера довзийта.

Васт т1ехь бан безачу т1аьхьабог1учу балхана къастаме бух кхоллало.


Рог1ера мур – поэтически васт довзар.


– Ойланийн пхьар ву поэт. Адамийн боданехь йолчу ойланашна шен дешнийн з1аьнаршца куц даладо цо, нийсачу хорша ерзайо. Цуьнан дешнийн аматца шен васт карадо адмана. Тахана ва йийцаре йийр ю

Гадаев Мохьмад–Салихьан «Дарта» стихотворени.

(хьехархочо я дешархочо д1айоьшу)


Ламанан дарта ю, хьег1арехь тийна,

Шерачу аренгахь охьахиъна гуш.

Когаш т1ехь лаьтташ ю, т1емаш г1ртийна.

Лаьтта дег1 дожадар деза ца луш.


Мархаш к1ел хьийзаш цо зама текхнера,

Турпалчу т1емашца хедадеш х1о.

Сирлачу шовданах дай а бекхнера,

Мокхазар бердашца биллина гуо.


Амма уьш генахь ду, х1инца-ма цунна,

Гонаха зил банза аренаш ю

1азапо хьешна дег1 доьжна 1ачунна

1аьршашка хьаьжна б1аьрг эрна ма бу.


Жималла! Дагна и гена мел ели,

Йицлой, ткъа? Х1инца а йиц ма ца ло.

Сирла ю.Тохало и йоьжнаериг,

Лаьтта т1ам г1ортабой, айъа а ло.


Генахь ду лаьмнаш а, ялалац стигла,

Х1инццалц дайн идда дег1 даш хилла ду.

Эшначу т1емаша айъа ца тигна,

Мархаш к1ел хьийзинарг йоьжна ма ю.


Хьехархочо

– Стихотворенин чулацам муха хийтира шуна?

– Шуна хууш хир ду, лирически стихотворенин (байтин) авторо билггал д1агойту къастаме йолу дог-ойла.

– Муьлхачу дог-ойланца язъйина ю Гадаев Мохьмад – Салихьан стихотворени «Дарта»? Стенан ойла еш хила иза?

(Поэтана 1еткъаш ду аьрзунан к1елдисар, цуьнан стигал хьаладала луучу лаамо сахьийзадо цуьнан а).

Таллам (анализ)


Хьехархо:

– Стихотворенин хьалхара мог1анаш дешча аьрзунан муха васт кхолладели шуна хьалха? Муха гайтина ламанан олхазар стихотворенехь? Д1адеша и мог1анаш. Х1ун ойла кхоллайолуьйту цара?

(Шена т1ех1оьттинчу хьолана г1орасиз хилла, амма къар цадалар, кхерам а, к1аддалар х1ун ду ца хуу аьрзу ду иза, т1емаш а г1ортийна халла ирахь 1аш ду иза).

–Хьалха муха д1акхехьна боху Гадаев Мохьмад-Салихьа аьрзуно шен зама? Д1адеша и мог1анаш. Оцу мог1анашца х1ун ала г1ерта автор олхазарх лаьцна?


Мархаш к1ел хьийзаш, цо зама текхнера,

Турпалчу т1емашца хедадеш х1о.

Сирлачу шовданех дай а бекхнера,

Мокхазар бердашца биллина гуо.


–Аьрзуно стенна сагатдо? Х1ун ду цунна 1еткъаш дерг? Муьлхачу мог1анаша гойту цуьнан сагатдар?

(Амма уьш генахь ду, х1инца-ма цунна,

Гонаха зил банза аренаш ю

1азапо хьешна дег1 доьжна 1ачунна

1аьршашка хьаьжна б1аьрг эрна ма бу).

(Шен кхачаза йисинчу меттигашна, шен даза дисинчу г1уллакхашна, мел ч1ог1а и кхочушдан лаарх ницкъ ца кхачаро, ницкъ бо цунна).


– Муьлххачу а садолчу х1уманна хьоме ю иза, и йолчу хенахь цуьнан терго яц, амма и гена мел ели хаало цуьнца хилла ирс. Хьан эра дара аша, х1ун ю иза? Х1у ю дартана йиц ца лург, цуьнан са карзахдохург? ( «Жималла!»)


–Стихотворенехь муьлхачу дешнаша гойту и олхазар кхетамехь хилар, цуьнан са къарделла ца хилар?

(«Сирла ю. Тохало и йоьжнаериг,

Лаьтта т1ам г1ортабой, айъа а ло».)


Гадаев Мохьмад-Салихьа олхазаран сурт кхоллар васте дерзорах пайдаэцар. Цунах олицетворении олу.


Тарлуш долу т1ехьажар – лирически байтан таллам.


– Стенах лаьцна ю и стихотворении? Дарта олхазарх лаьцна хилла 1ай те иза? Коьчал х1ун ю?

(Яздархочо йийцаре йийриг къаналла а, да1аяхана жималла а ю). –– –Хьенах тера хета шуна дарта?

( Ницкъ а, майралла шегара йоккхуьйтур йоцучу, кхерам а, иэшам х1ун ду ца хуучу къонахчух тера ду и аьрзу).

Тарлуш йолчу ойлан лелар д1адахьар.


–Олхазаран дахар – иза адаман дахар, бакъду, мухачу адаман?

–Вайн исбаьхьаллин литературин говзаршкахь муьлхачу турпалхочуьнца дустур дара аша и васт. ( Цуьнан шен, Гадаев Мохьмад–Салихьан дахар а ду цу дартан дахарх тера. Мохьмад Мамакаевн «Зеламха» романехь Зеламхин васт ду дартанах тера, цунна а ца хаьа кхерам х1ун ю.)



Дуьхь – дуьхьал анализ (сопоставительный).

Суьрта т1ехь болх бар.


– Х1ара сурт хазахетий шуна?

– Суьртан ша-тайпана башхалла стенах ю?

– Суртдиллархочунна муха го дарта?

– ХIокху суьрта тIерачу дартан васт вай стихотворени т1ехь дуьйцучу дартах муха къастало?

– Х1ун аьлла хета шуна, х1ун дог-ойла хилла суртдиллархочун х1окху суьрта т1ехь болх бечу хенахь?

–Хьенан б1аьргашца хьоьжу иза дуьнене?

– Муьлха бос алсам бу суьрташ т1ехь?

Сийна бос халкъан барта кхоллараллехь стенан билгало ю?

Хьан сица доьзначу, яккхийчу к1оргенийн билгало ю иза. Сийна бос абаденан а, стигланан билгало ю, иштта дикаллин, тешаман, даималлин, дикачу дог- ойланан билгало ю, лакхенан амат ду иза.


– Х1окху суьрте, хьаьжча шайн синхаамаш схьагойту дешнаш язде кехаташ т1е.

(сагатдар, къинхетам, самукъа, воккхавер, цецвалар).

– Т1еч1аг1де, и дешнаш х1унда хаьржина?

Эшарийн амалшца барта сурт х1оттор.

– Муьлххачу а адаман дахарца, цо ечу ойланашца бог1уш шен мукъам хуьлу. Цуьнан дахаре хьаьжжина хуьлу и мукъам а. Нагахь, цуьнан дог ловзадуьйлуш, токх делахь, цо сахьийзаме эшаршка ладуг1ур дац, и кхетар вац царах.Ткъа шен дахарна сахьийзош волчунна новкъарло йийр ю хелхаран мукъамо.

Вай стихотворенехь юьйцучу дартица, х1окху суьртаца муьлха мукъам бог1у хьовсур ду вай.

Хьехархочо хозуьйту шиъ-кхоъ мукъам. Дешархоша хоржу цу стихотвореница бог1у мукъам.


– Аша нийса хаьржина мукъам.

– Х1унда хаьржина аша и мукъам?

– Х1ун дог-ойла кхоллаялийтира шун мукъамо?

– Х1ун дог-ойла хилла композиторан?

– Х1ун сурт х1оттадо цо шуна хьалха?

– Мукъаман а, суьртан цхьанадарах кхетархьама х1инца аса аш хаьржинчу мукъамца стихотворени д1айоьшур ю, ткъа шу, цхьана минотана б1аьргаш д1а хьаббина, цу аьрзунан вастах д1ауьйр ду. Моттадалийта, шаьш т1емадевлла, мархаш юкъахь хьийзаш, мела мох бу шун яххьаш хьоьстуш, массо а х1ума шун кераюккъехь санна ду, ткъа ц1еххьана г1ора д1а даьлла шаьш дуьсу, т1аккха кхетар ду вайна аьрузнан сел дагна 1еткъарг, цо г1ийла ойла йийриг х1ун ду.


Дартан башха сурт кхоллархьама, шайн дартан васт кхуллу дешархоша.

Кхоллараллин болх бо.


Оцу дарта аьрзуца йог1уш йолу синквейн хьовсур ду. Шуна-м евзаш хир ю и кеп, делахь а шуна и дагаяийта г1уртур ю со.

5.Стенна пайденна ю синквейн?

1. Дешнийн т1аьхьало (запас) хьалдолуш хуьлуьйту. (обогащает словарный запас).

2. Кечам бо йоццачу т1аьхьалонна (запас).

3. 1амадо ойла кепе яло.

4. Таро хуьлуьйту цхьана минотана (ханна) кхоьллинарг шех хаавалийта.

5. Массеран а нислуш ду.

Синквейн пхеа мог1анах лаьтташ ю. Билгалъяьккхинчу бакъонца язъеш а ю.

1-ра мог1а – ц1ердош.

2-г1а мог1а – къастам (ши дош).

3-г1а мог1а – хандош (кхоъ дош).

4-г1а мог1а – предложении ялор.

5-г1а мог1а – ассоциации ялор (цхьанакхетар), цхьа дош даладо.

(Ассоциаци – коьчалан дух тераллица юха карладаккхар. (Повторяет суть темы).

Масала:

1. Аьрзу.

2. Майра, хьуьнаре.

3. Кхоьруьйту, цецвоккху, т1емадолу.

4. Аьрзу доккха олхазар ду.

5. Кхерамениг.


Жам1 дар. (Дешархоша дуьхьал жоьпаш ло)


– Дартах лаьцна х1ун ойланаш кхоллаели шун?

– Шун дартан вастах хьалха хилала болчу а, хIинца кхиъначу а кхетамна юккъехь хIун башхаллаш ю?– Оцу балхо х1ун гойту?

Самоанализ – ша-шен таллам.

-75%
Курсы повышения квалификации

Педагог дополнительного профессионального образования

Продолжительность 72 часа
Документ: Удостоверение о повышении квалификации
4000 руб.
1000 руб.
Подробнее
Скачать разработку
Сохранить у себя:
Литературин мастер–класс Коьчал: Гадаев Мохьмад-Салихьан «Дарта» стихотворени йийцаре яр. (331 KB)

Комментарии 0

Чтобы добавить комментарий зарегистрируйтесь или на сайт